Дала шена делчу риц1къана пусар дар, Цунна хастам бар декхар ду бусалбачу стега, иза дукх аделахь а, я къезиг делахь а. Шен риц1къан реза воцуш шен даг чохь х1ума хаалахь, шегахь долчуллаъ шайгахь доцучаьрга хьожийла иза, т1аккха хуур ду цунна Дала шех бина къинхетам.
Яах1уманна оьг1аз эхар, моханаш яр, сакхаташ дийцар магийна дац Дала.
Абу х1урайрас (Аллах1 реза хуьлда цунна) аьлла:
«Пайхамаро (Аллах1ера салават а, маршо а хуьлда цунна) ц1аллигора ц1а, яах1уманна сакхташ ца дийцина, шена иза езахь юура, шена иза ца езчи 1адда юьтура7».
Цундела, пайхамарха (Аллах1ера салават а, маршо а хуьлда цунна) масал эца деза шена яах1ума дика ца реза воцучо.
7) -НИЙСА-ОЬЗДА ОХЬА ХААР
Яах1ум юуша бусалба динехь г1иллакхехь охьахаар шина кепара деъна вайн пайхамаригар (Делера салават а, маршала ахуьлда цунна).
Хьалхарнаг: Ши ког буха бахийтина, цу шинна т1е охьахаар, ламазехь аттахьийят доьшуш санна.
Шоллаг1наг: Аьтто ког д1аа хоттийна, аьро ког буха бахийтина, цунна т1е охьа хаар.
Иштта охьахаар вайна билгалла дина, стаг кура сеттина охьа ца хаийта ша яах1ум юуш, х1унда аьлча, бусулба стаг ша яах1ум юуш нахах къаьста ца г1ерташ, оьзда хиина 1аш хила везаш волун дера.
Кху шина кепара охь хаара деза ду, вуьшта, муьлхачу кепара охьа хаа мегар ду, аьтто я аьро куьйга т1е таь1ина ца хилчахьан лакхахь хьахдина ма хилар.
8) -ГАЙ Т1ЕХЬ ВИЖИНА ВОЛУШ ЯАХ1УМ ЦА ЯАР
Гай т1ехь вижина волуша яах1ума яара, яах1ум яаран бусулба динан г1иллакхашах дац.
Пайхамаро (Делера салават а, маршо а хуьлда цунна) дика ца лаьрра иза.
1абдуллах1 ибн 1умаро (Аллах1 реза хуьлда цаьршинна) дийцина:
«Пайхамаро (Аллах1ера хьаставар а, маршо а хуьлда цунна) ца магинера ч1аг1ар т1ехь долу стоьла хьалха охьа хаар а, гай т1ехь д1а а вижина яа х1ума яр а»8.
Гай т1ехь яах1ум яар хьарам ду бохург дац и, делахьаъ, дика дац из, мелехь дац, бусулба динац дог1уш дац. Нийсох а, мелехь а дерг лакхахь хьахдина ма хилар охь хиъна волуш яар ду.
9) -ЯЪХ1УМА ЮУШ ЦХЬАНА КХЕТТА ГУЛБАЛАР
Деза г1иллакхех ду яах1ума юуш берш гулбелла, цара цхьаний яах1ум яар, х1орамо ша-ша а ца юуш, х1унда аьлча, цхьаний яах1ума яаро юучу х1уманан беркат са доккху дера.
Цхьаболу асхьа́баша (Аллах1 реза хуьлда царна) пайхамарига (Делера салават а, а, маршо а хуьлда цунна) элира: – «Оха яа х1ума юу, делахь а, тхо дуза ца дузу». – «Аш яах1ума цхьаний вовшах кхетта юуш хира яц»? – хаьттира цаьрга Пайхамаро (Делера салават а, маршо а хуьлда царна) – «Цхьаний ца юу оха» – элира цара. – «Шаьш яах1ума юуша вовшах кхаьтта цхьаний яа, биссмал а даккха, Дала беркат дийра ду шуна шун яах1умангахь, – элира пайхамаро (Делера салават а, маршо а хуьлда цунна).