Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман - страница 3

Шрифт
Интервал


«Дахаран туьха» романан аьтто баьлла йаханчу замане тIай туьллуш, йешархошна нохчийн историн бакъдолу васт гайта.

Ас Iалашо ца хIоттийнера критика йан, суна сайна хетарг ала лиира кху башха литературин говзарна, амма тIаьххьара дош даима йешархочуьнгахь хилла ду, цуо нийса кхел йийр йу аьлла а хета суна.

Кху романан дахар атта хир дац, хIунда аьлча цо шен агIонашкахь айдинарг а ду чолхе а, тIеэца хала а, амма замано гойтур ду…

Ярычев Насруддин, историк

ЮНЕСКО литературни кхеташонан

кегирхойн палатин декъашхо, философи Iилманан доктор.



Авторан дош

БисмиЛлахIирРохьманирРохьими    Алхьамду лиЛлахIи Роббиль-Iаламина

Уггаре а сийсаза ду лай хилла вахар.

Дахаре бIаьрг беттар йаздархочунна дуккха а хазох ду шен йозанан дийцарехь – «Iожаллан сурт дуьллучул».

Кху говзаран васташ мел ирча а, декъаза а делахь а, цара гойтуш дерг бакъдерг ду, шен йерриге а къаьхьаллица.

Цу бакъдолчун заманан йохаллера схьахеза мохь бу кху книгин коьрта чулацам.

Кхочуш ца хиллачу сатийсамийн, лазаман, лайначу баланийн мохь, иза вайн а, вайн тIаьхьенан а иэсехь даима хезар бу.

Амма теша лаьа и мохь ца хезаш тIаьхье а вайн кхууьр йу аьлла.

ХIара жайна лерина ду цу къизачу, боьхачу тIамехь мел эгначийн иэсана.

Башха а дац политологаша а, авантюристаша а муха цIе туьллу Нохчийчуьра хиламашна, амма коьртаниг ду нохчийн къам шена хиллачух кхетар а, цуьнан нийса маьIна дар а.

Къаьсттина мехала ду шо шаре мел долу вайн къоман кийрахь дикалла, комаьршалла, син-оьздангалла чIагIлуш, баланийн IиндагIера маьрша даьлла, тIаьхьарчу тIаьхьенна шен сирла ламасташ кховдош, вайн къомана даха хаар а, цу дахаре йолу шовкъ цуьнан цкъа а дIа ца йалар а.

Адам маьрша хила деза шен дахаран новкъахь, амма кхечуьнан маршонна тIекхийдаш и делахь – маьрша-м хир дац иза ша а…

Акаев ИсмаIал
2001 шо

Дахаран тача… Суьртан автор Акаев ИсмаIал

ДА А, КIАНТ А

Хьалхара книга


Iадат

I

Са хуьлуш дара… Меллаша набарха йолура йурт. Амма Заурбекан хIусамехь дукха хан йара массо а гIеттина. Кхузахь ТасуевгIеран тайпанера массо а къонаха вовшахкхеттера. Цара бийцаре беш бара тховса кхочуш хила беза шайн дахарера уггаре а маьIне хилам. Уггаре а чIогIа кху дийне сатийсина волу Заурбек-м вацара къамелехь дакъа лоцуш. Иза массарна а генна ваьлла кхоьлина Iаш вара. Йеха къоьжа месаш а, йаьлла маж а – замано гIелдиначу цуьнан йуьхь-сибат тIе хьаьжча гуш дара мел беза хилла дахаран мохь.