Советан Iедалан муьрехь Кавказан обаргех лаьцна дукха йаздархоша йаздина. Иштта, 1930-чу шарахь хIирийчо Гатуев Дзахос зорбане йаьккхина «Зеламха» цIе йолу документальни повесть. Иза цо кхоьллинера Ленинградан, Москван, Соьлжа-ГIалин, архивашкара Iаламат дукха кехаташ толлуш, Зеламха вевзаш хиллачу нахаца цхьаьнакхетарш дIахьош. 1938-чу шарахь кхарачойн къомера волчу Хубиев Османа йазйина «Обарг» цIе йолу повесть, 1957-чу шарахь адыга Керашев Тембота зорбане йаьккхина иштта «Обарг» цIе йолу шен повесть», 1978-чу шарахь зорбане йаьлла гIебарточун Шортанов Аскербин «Ламанхой» цIе йолу роман, 198I-чу шарахь Мамакаев Мохьмада йазйина «Зеламха» цIе йолу роман.
ЦIейаххана вевзаш хилла волу обарг Зеламха цо шен романехь гайтина социальни нийсо къуьссуш волу халкъан чIирхо санна. Обарган доьналла мах хадийна ца валлал лаккхара ду, амма цо тейпанийн йукъаметтигашна а, иштта Паччахьан Iедална а тоссуш бу и кхерам, ткъа и Iедал шайгахь мел лаккхара доьналла а, майралла а хиллехь, обаргийн хийца ницкъ бацара.
Социальни революцишкахула и Iедал хийцича бен аьтто бер бацара Iазапхоша дуьне гатдиначу къоман дахар хийца. Ишта йаздора историкаша а шайн Iилманан белхашкахь.
Амма билгал ца даккха йиш йац, тайп-тайпанчу регионашкахь карарчу хенахь социальни-экономически лард билгалйеш йолу йохка-эцаран йукъаметтигаша цкъачуна нах социальни нийсоне кхачийна бац, мелхо а цара адам декъна, харцонан керла кепаш кхоьллина, адамна тIехь къайлахь латточу Iазапан кепаш билгалйевлла, къоьлла гучуйаьлла. Социальни даI даларо керла обаргалла гучуйалийта мел оьшу хьелаш ду кхуллуш.
Заманан йохалла Кавказан йаздархошна дицделла халкъана тIехь лаьтта социальни даI. Ткъа 2019-чу шарахь, цIеххьана вайн тиламе йолу дас а, йоьIа а Ратиани Мурмана а, Ратиани Мзияс йазйина «Горцы», ткъа карарчу хенахь нохчийн матте «Кавказан баххьаш» – аьлла цIе туьллуш, гочйина, зорбане йаьлла хIара роман.
Ала деза, кху романа суна боккха тIеIаткъам барал совнаха, оьрсийн маттахь ас хIара йешча, со инзаре воккхавера вайн меттан хазаллех, кIоргаллех. Нохчийн маттахь кхин тайпа хIутту кхузахь хIора а сурт, кийрахь цIе латош, дог-ойла ша аьрзу санна тIема йоккхий, ира-кара хIоттош, Орга санна пхенашкахь цIий кхехка. Маржа йаI нохчийн мотт! Моз санна мерза бу хьо, шаьлта санна ира бу хьо, хIорд санна кIоргера бу хьо.