Ширачу заманахь дуьйна нохчаша шайн лаьмнашкахь лекха бIевнаш йеш хилла. Цу бIевнашкахь уьш бехаш хилла, цу бIевнашкара мостагIийн бIо а йуха тухуш хилла цара. Заманан йохалла стигла кхийдаш хилла ирхечу тархаш тIехь тIулгах йоьттина нохчийн шира бIевнаш.
Хийла мостагIа вогIура уьш йохош, амма тIаьхьарчу тIаьхена йуха а буьллура тIулг, йуха а йуьллура бIов шайн дай баьхначу лаьмнашкахь. Нохчийн ломахь рогIера тIеман дарц даьлча, хеталора и бIевнаш йан кхин стаг хир вац, уьш кхин цкъа а гур йац цу лаьмнашкахь, амма цу бIевнийн херцаршна тIехь гучуйовлура керла гIаланаш. Даймахкана хьалха долу декхара сил а, дахарал а деза хетачу къоман ницкъ кхочура шайн маршонан билгалонан – керлачу бIевнан тIулг билла.
ХIоразза а летара нохчий мостагIех шайн маршо, паргIато, синтем къуьссуш. МостагIийн терахь алсам мел долу, гIора дайна къам кхин а лекха лаьмнашка хьалагIертара. Лакха хьала мел довлу, цаьргара ницкъаш кхууьра, уьш и лаьмнаш санна онда а, зоьртала а хуьлура, цундела мостагIчо ца боккхура толам, иза иэшамца лаьмнашкара йухавоьрзура.
Цигара охьабиссича, шайн хIусамех йиссина херцарш бен ца карайора царна, амма дахаре болчу безамо, цу дахарца йолчу шовкъа гIо дора царна и хIусамаш тайеш, цу чохь керла дахар кхолла, доьзалаш кхио. Ишта дIаоьхура бIешераш. Карарчу хенахь, 21-чу бIешарехь а дерриге а дуьне теш хилира нохчийн къомана тIебеанчу баланан – йохийна, йаьржийна йарташ, гIаланаш, амма цара шайн дайша санна йухаметтахIоттийра шайн дахар, царна йуха а карийра шайгахь доьналла а, ницкъ а. ХIора а нохчочо шен бIов йуьллуш, лерина тIулгана тIе тIулг буьллу, и тIулг цуьнан къоман историн лард йу. ХIора а тIулг нохчийн Iадат ду – къоман син-оьздангаллин лийр йоцу гIап, и хIора а бIов – къоман тIум йу, цуьнан иэс дийна хиларан билгало йу. Нохчийн лаьмнашкахь лаьтташ йолу бIевнаш шатайпа архитектура хилла ца Iа, иза – нохчалла кхоллалуш йолу пхьаьлгIа йу.
Бусулба дин, Сий, Адамалла, ГIиллакх, Доьналла, Ларам, Оьздангалла, Маршо, Нийсо, Барт, Ийман, Комаьршалла, Къинхетам – къаьсттина и лийр йоцу мехаллаш йеха цу бIевнашкахь, цу мехаллех йоьттина а йу уьш нохчийн къомо. Цу мехаллашна юкъара цхьаъ мукъне а «тIулг» ца хилахь, бIов хаьрцар йу, иштта нохчочун йиш хир йац ша нохчо ву ала, нагахь санна цуьнан дахар цу мехаллех доьзна ца хилахь.