Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том - страница 11

Шрифт
Интервал


.


Керлачу баьччан аьтто белира Россин олаллина дуьхьал къиссам латтош йолу ламанхойн тобанан барт чIагIбеш, цунах боккъалла а йолу политически институт кхолла, ма-дарра аьлча нийсса ткъе пхеа шарахь лаьттар йолу, Имамат цIе йолу керла пачхьалкха кхолла. Цу пачхьалкхана йукъа догIуш дара наибаша а, муфтийс а, куьйгалла деш долу латтанан 33 дакъа. Пачхьалкхехь герзаца кхачо йина эскар а дара, иштта тIеман 510 куьйгалхо а вара.

Имамат бусулба динан бакъонна а, шарIанна а тIетевжаш йара, ткъа цуьнан къобалбина пачхьалкхан мотт Мухьаммад Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) бийцина хилла болу Iаьрбойн мотт бара.

И пачхьалкха кхоьллича Имам Шемалан аьтто белира хIинцалц йаьржина хилла тобанаш вовшах а тоьхна, хила ма-беззара тIеман ницкъаш а, эскар а кхолла.

Цул совнаха, бусулба динан пачхьалкха кхоллар бахьана долуш цуьнан аьтто белира Нохчийчуьра Iесалла орамца дIа а йоккхуш, къам буьззинчу барамехь бусулба динна тIедерзо. Заманан йохалла Росси пачхьалкхана дуьхьал уггаре а чIогIа къизачу тIемашца къиссам латтийна ду нохчийн къам. Диъ бIе шарахь Россица тIом бина нохчаша. И къиссам карарчу хенахь сацийна а бац.

Имаматана дуьхьал Николай Паччахьа кхин а дукха ницкъаш хьажийра, амма хIете а, уггаре а кIезиг кхин а ткъа шо дийзира ламанхой аренашкара лома дIалахка.

Лаьмнийн чIожашкахь кIелхьарволийла лоьхуш лелаш волу Шемал Османски империгара гIо деха гIоьртира, амма Хонкаре башха ницкъ болуш йацара хIетахь, хIунда аьлча уьш шаьш бара ГIимрахь тIом беш, цундела церан сурсаташ дацара Имаматана гIонна хьажо.

Истамбулера лулахошкара шена гIо хир доций хиъна Шемал, Ингалс пачхьалкхан королева Викторияга гIо деха веара. Иза хIетахь французашца а, итальянцашца а ГIимран тIамехь, османийн агIонехь къиссам дIахьош йара.

[4] Шен цхьаьна кIоргера маьIна долчу кхайкхамехь ишта яздо Шемала: «Лараме, королева! Дуккха а шерашкахь дуьйна Россица къиссам латтош ду тхо тхайн маршо а, тхайн паргIато а бахьнехь. ХIора шарахь тхан токхамаш санна тхан тогIишна чухьовдучу мостагIашна дуьхьало ян езаш хуьлу тхо. Тхан къиссам чIогIа а, къиза а бу. ХIора Iай тхайн зударий а, бераш а генарчу хьаннашкахь къайладоху оха, ткъа церан цигахь мацалла а, шело а лан деза. Амма хIете а, Далла тIе болх а биллина тхо юхадовлуш дац. Оха доьху хьоьга, королева, гIо де тхуна.