Ширачу заманехь цхьа къонаха хилла бохуш дуьйцу шен божалин кертахь гIуллакх деш. ЦIеххьана цунна хезна йуьрта йуккъехь йаьлла гIовгIа. Божалин кертара араваьлла ладугIуш лаьттачу цунна гина шортта жIаьлеш цхьаьна а долуш борз эккхийна йогIу адамийн тоба. И борз йедда йоггIушшехь кхо йиллина йитинчу неIарехула божал чу иккхина, шена тIаьхьа бевллачарех кIелхьарайалархьама. Божалин кертан зайл дIачIагIбеш, къонаха тобанна хьалха дIахIоьттина. Шайн жа йукъа иккхина, уьстагI бахьа гIерташ, шайна зен дина, шайн мостагIа йу иза, шаьш йен йезаш аьлла – адамийн тобано.
– ХIан-хIан! Цо мел даккхий зенаш дина хиллехь а, тахана иза сан хьаша йу, сан тховкIел йеана, цундела со цунах жоьпаллехь а ву нохчийн Iадате хьаьжжина – аьлла къонахчо. Ткъа цул тIаьхьа шен кара топ оьцуш, шен са даьккхина бен цу барзана тIекховдар дац шу – аьлла бохуш дуьйцу цу стага. Ишта ду нохчийн кIоргера, сирла гIиллакхаш.
Хараев ИбрахIиман хIара книга йоьшуш, сайн дахарера цхьа масала дало луур дара суна. Сан дас Наурдина ишта бовзийтира соьга шен дахарера цхьа башха хилам:
– «Цхьаьна шарахь Олхазар-КIотаран орцана тIехьара Суорат олучу цхьаьна меттиге мангал хьакха дагахь араваьллера со. Цу хенахь хьан диъ шо дара, ткъа со нехан стеган цIий Iанийна, чIирхо вара. Сайца кхин накъост воцуш, со ирзошкахула дукъаца хьалавоьдуш вара. Суна дуьхьал кхийтира Имам Шемалан наиб хиллачу Дубин тIаьхьенах волу Дуда. Дудас, салам а делла, хаьттира соьга:
– Ва Наурдин, хьо стенга воьду хьуо пIелг санна цхьалха?
– Суоратахь жимма мангал тоха меттиг йара сан билгалйина, цига ваха араваьллера со… – жоп делира аса.
– Со а ма вара жимма волавала дагахь. Со схьавогIу хьуна, дукха ца Iаш. Кхузара меттах ма валалахь! – дийхира соьга Дудас.
Иза Дуби йуккъе шен цIа а вахана, топ а, мангал а бохьуш схьавеара, тIаккха тхойшиъ цхьаьна Суорате вахара. Со кхийтира Дудас лелочунах. Иза суна накъосталла, Iуьналла дан хIоьттинера, со чIирхо хилар шена хууш долу дела. Сарралц соьца мангал хьокхуш хан йаьккхина, тIаккха со сайн цIа а кхетийна дIавахара Дуда. Ма хаза гIиллакх дара цо соьца хIоттийнарг – дерзийра шен къамел сан дас.»
Цо соьга иза дуьйцучу хенахь сан кхойтта-дейтта шо бен хан йацара. Дукха зама дIаэхна цул тIаьхьа. И Дуда суна дагавогIу. Хьуьнан хехочун болх беш вара иза. Тахана Дудин кIант Бадрудди сайна схьагича, сайн да а, цуьнан да Дуда а дагаоьху суна. Дала царна геч дойла. Уьш дийна болуш санна самукъадолу сан иза гича. Ма йаьхь йолуш, доьналла долуш къонахий хилла уьш. Билгалдаккха деза, цу дагалецамашкахь, тахана ишта волу чIирхо ша воьдуш шена гича, цхьацца берш айкх эцна бовдур бара цу чIирхочун мостагIашка. Кху дешхьалхенехь аса йаздеш долу хIара масалш, къаьстина вайн тIаьхьено тидам баре сатуьйсуш йаздо аса, сайна къинтIера довларе доьхуш.