1ибадат - страница 2

Шрифт
Интервал


ИСЛАМ ДИНАХ КХЕТАР

Ислам-дин адаман дахар нисдеш, тадеш, хаздеш низам ду. Ислам бохург – стаг Далла муьт1ахь хилар ду. Ткъа бусалба стаг Делан лай хилча, 1адатехь ду лайно шен элано шена т1едиллинарг дан дезаш хилар. Лайна т1ехь дац ойланаш еш корта лазабахар. Шен элас шега де аьлларг дича волуш ву иза. Иштта бусалба дин Дала Шен лайшна даийтина низам ду, уьш Шена герга балор болуш, церан дахар дуьненахь ирсе дийр долуш, уьш дуьненахь а, эхартахь а декъал бийр болуш, жоьжахатех уьш к1елхьара баьхна, царна ялсамана хуьлуьйтур йолуш.


Амма Ислам-динан к1орге маь1на ду, иза Аллах1ана муьт1ахь хилар, Цуьнца накъост ца веш, Цо де аьлла 1ибадаташ кхочуш деш, Аллах1аца накъост варх а, Цуьнца накъост веш болчу нахах а гена ваьлла, царах ц1ена хилар ду. Ткъа цу дерригенан чулацам – 1ибадат ду. Х1унда аьлча Далла муьт1ах хилар – 1ибадат ду. 1ибадат ду Аллах1 цхьаъ вар, Цуьнца накъост ца веш. 1ибадат ду Цунна муьт1ахь хилар, Цо т1едиллинарг деш хилар, Цо хьарам динарг дита а дуьтуш, Цуьнца накъост ца вар, иза Цуьнца веш болучарех ц1ена хилар.

Цундела, 1ибадат х1ун ду хаар хьуна уггар коьрта г1о деш х1ума ду, хьо бусалба хиларна т1ехь. Цунах хьо кхеташ велахь, динца болу кхетам а нийса хир бу хьан. Х1инццалц айхьа ма-леладарра а доцуш, кхечу тамашийна-хазачу кепара дин леладан волалур ву хьо.


Ткъа х1ун ду те 1ибадат?


Х1ун лоцу 1ибадато шена чу?

1ИБАДАТ

Дала аьлла Къуръан чохь:

<<Аш 1ибадат де Аллах1ана, Цуьнца цхьанне х1уманах накъост а ма ве>>.


Дала 1ибат де боху вайга, Шеца накъост а ма лаца. И бохург – Шеца кхи цхьа дела ма ве, Ша цхьаъ бен дела вац шуна, адамо Шена 1ибадат дан хьакъ волуш.

1ибадат деш волу стаг Далла герга воьдуш ву. Далла герга воьдуш волу стаг къинойх ц1анлуш, шен дахарна т1ехь нислуш, дикачу х1уманна т1ехь са вала г1ерташ, хьарамчух ларвала г1ерташ хила веза. Амма вай иштта дац, 1ибадат деш вай доллушехь.


Х1унда дац? Х1у бахьана ду вай иштта ца хиларан?


Бусалба стага дечу 1ибадато и стаг дикачу аг1ор хийцо веза. Ткъа вай х1унда ца хуьйцу цо? Вай ма дац вовшашца тарлуш, вовшашца барт болуш. Ткъа вай ма ду хьарамлонех дуьзна, царех лар ца луш. Вай х1унда ца хуьйцу вешан 1ибадато? Дера ца хуьйцу, вай цунах нийсачу кепара кхета ма-деззара кхеташ ца хиларо. И ду вайн галдаьлларг, вай кху жайница нисдан г1ерташ дерг а иза ду, Делан пурбанца.