– Зийнина хаьий хьан хьал? – шен хьекъал суна хетачул а сов дуй хаийтира лулахочо.
– Зийнина хаахь, иза лалур дац цуьнга. Иза-м кхетара ма яц воккхачу стеган амалех боьрша стаг, къонах санна. Дагадог1ий хьуна почта д1асакхехьан хьуна атта хилийта аса хьуна вилспет хахка 1амийна? Зударша 1амор варий хьо? – х1иллане велира со, сайн лулахо керара ца валийта.
Харцо-м яра аса сайн мискачу лулахочуьнга кхийдориг, амма х1инца суна орцаха валан иза воцург кхин стаг вацара х1окху доккхачу дуьненчохь.
– Мегар ду делахь. Мичхьа ву и воккха стаг, классан куьйгалхо? – эххар а резахилира сан догдика лулахо Вах1ид.
Борз санна волу лулахо хьалха а волуш тхойшиъ кестта кхечира Иван Архиповична хьалха.
Букът1ехьа дехкинчура куьйгаш ца достуш дуьхьала велира тхойшинна воккха стаг. Тезетахь санна букът1ехьа куьйгаш дехкина сан лулахо а вирзира дуьхьала, бехкеллан корта а та1ийна.
– Х1ара тхан ненан ваша ву-кх, – кхетийра аса лерамен Иван Архипович. Нана ян йиш йоцуш йисина-кх.
Леррина хьожуш рентгенах чекхвоккхуш санна куьзгашна чухула б1аьргаш т1ебуг1уш теллира сан «ненан ваша» хьехархочо.
– Ненан ваша? – хаьттира цо.
– Ненан шича, – жимма лахдира аса ненавешин дарж.
– Ненан шича? – Вах1идехьа вирзира Иван Архипович.
– Геннара… – олуш сецира Вах1ид, кхин д1а гучувалан ца кхиира и.
Хьехархочуьна мотт довдан мелла а к1амбелла хиларна хаъал аьтту хилира тхан. Урокехь санна к1орггера масалш а далош, тоьшаллийна, урок йоьдуш елахь а, классера хьехархочуьрга дехна журнал а гойтуш мел к1езига а цхьана урокан барамехь кхетош-кхиоран болх д1абехьира лерамен воккхачу стага соьца а, соьца цхьана куьйгак1ела нисвеллачу сан миска «геннарчу» ненан вешина а. Цхьа хан яьлча, шен дахарехь, невцалг1а ваг1ча а оццул ницкъа ца хилла волу Вах1ид, мукъаволийтуш, сан т1оьрмиг берзийра суна лерамен Иван Архиповичас.
Амма Вах1идана ша иштта атта к1елхьараваьлла моьттург-м бакъ ца хиллера. Эвлаюкъкъехь цул т1аьхьа а масийттаза хьехархочун кара вахана хиллера сан тешамен догц1ена лулахо. Вах1идас шена дуьхьала дош ца олуш х1оттош долу г1иллакх ч1ог1а тайна хиллера воккхачу стагана а. Со-м ма вацара цхьа а урокаш 1амаечохь а. Сан цамгар-м суьрташ дахар дацара, стигал бос лепа Малижин къона б1аьргаш дара бехкен. Йо1ана хьалха ша дика гайта г1ерташ 1умар-м шена хуург а, ца хуург а дийцан г1ертара урокехь. Ткъа соьга уллора Малижин хьажар сайна т1ехь тусаделча, сайна хуург а ца дийцалора хьехархочунна.