Со церан классе 9 классехь керла т1евеъна дешархо вара. Х1окху т1аьххьарчу шина шарахь, парташан шина мог1анехь дехьа-сехьа делахь а, вовшен уллохь дара тхойшиъ. Аг1онцарчу б1аьрсинца гуора суна цуьнан сибат даима а, со хьехархочо динчу хаттарна жоп луш велахь а гуора. Амма цуьнца б1аьргашца вовшех кхетча-м со бухбоцчу аймана чу кхоссавелча санна вовра цуьна б1аьргийн сийналлехь. Оцул хьалха а, т1ехьа а суна кхин гина дац иштта бухбоцуш сирлачу стигалан басахь б1аьргаш. Цхьа ша тайпанчу хаза сирлачу йоь1ан месаша-м оцу б1аьргашан холманчаллин йийсар вора, хьуна мел ч1ог1а дуьхьалло ян лаахь а. Лаахь! Ткъа хьуна-м лаан йиш яцара оцу б1аьргийн айманан йийсарера валан! Б1аьстенах валалой шен ойланца, лаамца? Дера ца валало! Иштта даиманаллен б1аьсте яра-кх оцу б1аьргашчохь. Йара. 1аьнаюккъехь корах арахь оьгуш даккхийн к1айн лайн чимаш делахь а, оцу йоь1ан сирлачу б1аьргашна чохь йара даима а б1аьсте. Оцу б1аьргашчохь гуора б1аьстенан диттийн гаьннаш доьттина к1айн, ц1ен, можа заза, оцу зазийн, аренан зезагийн архьаш яра-кх гуонаха, маликийн, б1аьргуо ца лоцу, сибаташ санна, х1аваиэхь хьийзаш. Ма ирсен стаг хетара сунна суо, ма сайн х1инцца бен дуоладаланза долчу дахаран ирхене хьалахьаьдда моьттура суо. Дахаран лакхенга!
Амма ишколан шераш чекхдалан г1оьртича со кхетан вуьйлира сайн ирс сатосуш 1уьйренца хьунъйистте доьссина дохк санна хилар. Ц1е санна бовхачу малхо сиха д1акхоллу и дохк. Бакъбезам чохь кхоллалуш мел ц1ена дог делахь а, ирс безамца цхьана некъахь лелаш ца хиллера дукха хьолахь.
– Малижица «доттаг1ала» х1унда ца леладо ахьа? Хазахетий хьуна и? Ас захло хьахаде цуьнга? И-м дуьхьала хир йолуш яц, сунна хаьа иза-м, – хьахийра соь переменехь хазачу куьцехь лекхуочу дег1ехь йолчу классера Губани ц1е йолчу йо1а.
– Ас-айса… со суо вист хир ву со, – иэхь хетар къайладаккха г1оьртира со, амма г1улкх-м ца хилира.
Сан к1еззигчу дахарехь дуьххьара гучудаьлла дара сунна «захло» боху дош. Дагахь доцуш ц1аьххьана хиларна, со-м иэхъ хетта а ца 1аш, воьхнера. Суна-м тарделлера массо а адмашна сайн къайле гучуяьлла. Аса сайх а лечкъош дериг, х1инца массарна а хууш ду моьттура сунна, сайн багара даьлла дош а доцуш. Х1инца классе чу муха вахан деза, муха хьажан деза деррехь, х1инццалца со къайлаха хьоьжуш хиллачу б1аьргийн сийналле, сайн къайлахчу б1аьстене? Х1унда ду божбераш шайн кхиарехь зудаберел т1аьхьадуьсуш. Кхиндолу дахаран цамгарш санна безаман цамгар а зударша атта ловчух тера ду-кх.