Малижа. Ч1ег1ардигийн т1емашца ирс! Берашна хаьржина дийцарийн гулар - страница 7

Шрифт
Интервал


– Ца хаьа, фиксаж-м кхачийна вайн, – элира аса.

– Кхинарг тоьуш юй?

– Ю моьтту суна, – жоп делира аса.

– Х1ун мах бу цуьна? Аса суьйрана д1авог1уш яхьара ю, – олуш шайн боккхачу некъана аг1онца болчу ураме д1авирзира Турпалхан.

– Барх1 кепек бу моьтту суна, – цунна т1аьхьа ч1ог1уочу озаца элира аса.

Сой 1арбий-м кхин а дикка гена д1авахан дезаш вара.

– Сайд1али, хьо стенга ваханера? – хаьттира 1арбис кхин цкъа а тхойшиъ цхьана висича.

– Эцца волалуш вара со-м, – дог ца дог1уш жоп делира аса.

– Цхьаьннаца дов даьлла-м ца ваханера хьо? – шен буйна лоцу ишколан т1оьрмиг куьг хуьйцуш вукха буйна буллуш хаьттира 1арбис, сох ша ца тешар а гойтуш, шен даима а санна девнен ч1ог1ачу озаца.

– Х1а-х1а, цхьа а дов дацара… – д1ахадийра аса.

Сан догцадар цхьа цамгар санна хьакхаделира 1арбех а, иза а к1адвалар гучудоккхуш оллавелла ког боккхуш боларе велира. Кхин д1а баш къамел ца хилира тхойшинна, тхаьшинна цхьацца ойланашца кхечира тхойшиъ 1арби вехачу х1усамна улло а.

– Со суьйрана д1аван мега, карх далахь. Со ца хилахь а оцу Турпалхане шадолу хазадаьлла суьрташ д1а ма дахьийталахь, Сайд1али, – олуш шайн доккхачу аннех динчу кевнахь хьулвелира 1арби.

Со х1инца-м суо висира сайн ойланашца, сайн лазамца. Суна-м со ч1ога лиэнвина моьттура, хьан-стиэ ца къаьсташ делахь а. Кхечун б1аьргашца суна со ган йиш хилча кхетара вара: со кампет ца кхаьчначу берах тера хиларх х1инца. Суна стенах хаан дезара дахаро хийлаза иштта гойтуш, кховдош йолу кампет даима а мерза ца хилар, нагахь санна иза хьуна кхачахь а.

Со чукхаьчча, даима санна нене юург ца йоьхуш дехьа чу вахана буйна лоцу киншкаш чуьра т1оьрмиг соне а кхуссуш, ишколан духар ца хуьйцуш маьнги т1е аркъала д1атевжира. Со-м дог доьхна вара, соьга-м ца эккхадалора йоь1ан стигал беса б1аьргаш. Суна-м мерза а, новкъа а дара и б1аьргаш. Суна-м дуьне хаьдда цхьана 1инах чудахана моьттура. Суна-м оцу хенахь ца хаьара, ткъа иза хиллера сан дахарехь уггар а мерза, хаза мур. Самаха гуш долу г1ан санна йоь1ан б1аьргаша шен дахарехь цкъа мукъна а хьовзийнчу к1ентан дог кхетара ду-кх сох.

Суьйрана малхбузуш со набарх ваьккхира Турпалханан зевнечу оза:

– Хьо х1ун деш 1уьллу боьрша цициг санна дийнахь делккъехь вижина! Хьалаг1атта! – сан белш д1асатуьйхира доттаг1чо.

– Хьажал, аса еъначу фиксаже, вайна мегаш ерг юй? Барх1 кепек йоьхург-м ца карий суна оцу «Культтовараш» туькнахь, х1ара 14 кепек йоккхург ийци-кх аса. Мегар юй вайна иза? – суна т1ехьоьттина хоьттура Турпалханас кхин а, кхин а, со самаваьлла валлалц.