Чонга иччархо. Туьйранаш - страница 2

Шрифт
Интервал


Г1ийлачу мохо техкочу суг1- бецан дуткъачу г1а буьххьехь о1лане даьлла 1ара жима Чонга. Дикка хьалаайбеллачу дашочу малхо, гилдигаш дохуш санна, йовхачу з1аьнаршца хьоьстура иза. Амма малхехь дохделла дег1 мелла а бодделла 1аш долу Чонга, ц1аьххьана кхерадала кхин а цхьа бахьана делира. 1уьйранна шен к1орнешна юург лаха арадаьлла, можа мас йолу хьоза хиира Чонга т1ехь 1аш долчу бецан лекха ирах яханачу куллана гаьнна т1е. Можачу хьозана-м Чонга дукха жима ижу дера яра, делахь а, цкъа кхаллал х1ума яра-кх. Цундела Чонгас сихо йира бецан г1ана буха д1алачкъа. Ткъа можачу хьозана-м Чонга ца хилча а, ижу карийначух тера дара коьллашлахь, г1ашна к1елахь. Гулделлачу тхилахь, 1уьйренан малхах д1алевчкъина, набарна тевжина йолу чуьркаш, г1евттина, баца т1ехула а, куллана т1ехула а хьийзара. Можа хьоза куллана т1е охьахууш, цо дерриг а генаш, т1ера тхиш а эгош, меттах даьхнера. Чуьркаш, вовшаха хьерчаш санна, хьийзара, х1ун хилла ца кхеташ. Ткъа можачу хьозана оьшуш дерг иза дара-кх. Иза, т1ома а даьлла, сихонца уьдура чуьркашна т1аьхьа, шена ижу лаца г1ерташ. Амма чуьркаш а, сихха самаевлла, мелла а каде д1ауьдура хьозанах. Уьш сихонца лечкъа юьйлира бецан г1ашна к1елахь. Чонгина ч1ог1а лаьара, хуьлуш дерг х1ун ду хьажа. Ша мелла а ч1ог1а кхераделлехь а, иза г1а йисттехула бухара хьала хьоьжуш дара. Амма, ц1аьххьана можачу хьозано эккхийна, «зум-м-м!» а деш, едда цхьа мокха чуьрк, еана Чонга 1аш долчу г1ана буха иккхира. Дуьхь-дуьхьала нисделира зингаттий, чуьрккий, кхера яларна х1умма а ца гуш йолу. Шена г1о дан кхин а иччархой белхьара-м, Чонга тасалур долуш дара чуьркаца. Амма, ша цхьаъ долуш чуьркана т1е1оттаделча, мелла а майра а, доккха а долу иччархо-зингат а ларалур дацара дег1ана ондачу чуьркаца. Т1ехула т1е, можа хьоза а дара чуьрк хьулъеллачу бецан г1ана юххехулла хьийзаш. Шена хьалхара едда хилла чуьрк мичхьа д1алечкъина хаа луучух тера дара цунна а. Зингаттий, чуьрккий «тап!» аьлла, д1атийнера хьоза т1ехула хьийзачу г1ашна юккъехь. Амма хьоза, дукха ца хьелуш, кхечу, т1емаевлла лелачу чуьркашна т1аьхьадедда д1адахара. «чиркъ! чиркъ!» бохуш, декаш. Кхераеллачуьра хьалха меттаеира ира, бехамара болу чуьрк. Шен чекх са гун бехабиъ т1ам лестон юьйлира иза, «зум-м-м!» аьлла. Шен ялххе а ког д1а а г1ортийна, антеннаш санна долу, деха ши мекх меттах а дохуш, тасадала кечделираЧонга а. Амма чуьрк т1екхета дагахь йоллучух тера дацара. Чонга мелла а майра делира. Ша толам боккхур бу аьлла, тешаш дацахь а, ц1аьххьана т1ехьара шина когат1е а х1оьттина, хьалхара ши ког ойбуш, чуьркана кхерам а тосуш, чухьаьдира майра Чонга чуьркана. Жимачу зингато иза дийр ду аьлла тешаш йоцу чуьрк, дукха ц1аьххьана и хиларах къаьхкира. Иза, шен «зум-м-м!» ч1аг1деш, т1ема а яьлла, лулахь олладеллачу бецан цхьана г1ана бухахь хьулъелла, къайлаелира. «1айт-т-т!» – олуш, Чонгас, хазахетта, майра ког туьйхира ша лаьттачохь, ша бецан г1а бухахь кхозуш хилар диц а делла. Иза тоьуш дара, Чонга т1ехь 1аш долчу г1ан т1ехула чукхозабелла, тхих хилла боккха т1адам нийсса зингатна т1ехецабелира. Ша санна шийлачу тхин т1адамо, шеца хьарччийна, лаьтта охьададийра жима Чонга. Т1адамца, цхьана г1ан т1ера, кхечу г1ах а детталуш, лаьтта охьакхечира зингат. Х1инца-м лаьттах кхетта со аьлла, Чонгина хеттачу хенахь, гондхьа ц1аьххьана 1аржъелира, Чонга лаьттах а ца кхеташ. Амма, ша стенга доьду а ца хууш, цхьана шуьйрачу1уьрга чу дужуш-м дара жима зингат. Эххар а Чонга, «далап!» аьлла, цхьана к1едачу х1умана т1е охьакхийтира. Вайна ма х1аъара, зингат ч1ог1а жима ма дуй. Цундела, вайна мел лекхачу меттигера хетахь а, иза кхин ч1ог1а лаза ца до. Чонга а, сихха хьалаиккхина, гонаха хьежа дуьйлира; иза а ца лазийра кхин башха ч1ог1а. Амма кхин а цхьа бахьана дара Чонга ца лазоран. Шен кена т1ехь ма хиллара, лаьтта бухахь, инзаречу харина чохь, дуьззина к1ен буьртигаш дара, цу т1е доьжна хиллера зингат. Йоккхачу оьпано, шена 1аьнан кечам беш, гулдинчух тера дара и к1а. Кхузахь-м дера хир дара, оьпех дисича а, ерриге а зингатийн а туьйлигна а дийнна 1а даккхал тоьур долуш ялта. Чонгас, дукха ч1ог1а хазахетта, ши, кхоъ хелхаран гуо а баьккхира. Цхьана к1ен буьртигах яьккхина, цуьрг а йиъна, к1едачу к1ен кан т1ехь аг1ор а даьлла, дикка садоь1ира цо. Х1инца Чонгина уггаре а коьртаниг дара кху хари чуьра ара болу некъ лахар. Амма иштта атта г1уллакх-м дацара иза. Ирах хьаьжча, гуш бецан генаш а, сийна стигал а яра. Амма гена дара-кх и бецан генаш. Боккха к1ен буьртиг а тоьхна, цунна бухахь халла бен гуш а доцуш, хьалаг1ертара Чонга харин пенат1ехула. К1ен буьртиг дукха беза болуш, дикка хьаладаьллачул т1аьхьа, ницкъ а ца тоьий, юха чухецалора зингат. «Дап!» – олий, Чонгица к1ен буьртиг а чубужура. Юха а, къар ца луш, хьалахьодуразингат, амма, гена далале, чудужура. К1ен буьртиг а боцуш, ша-м атта хьаладалалур дара Чонга, амма шен ч1аг1о кхочушян г1ертара иза. Кхузахь буьйса яккха реза дара иза, десакуьйгаш а ластийна, ц1а ца даха. Кхин аьтто ца балахь, иза дан дезаш хила мегаш а дара-кх. Чонга дикка 1ийнера садо1уш а, ор чуьра хьаладала г1ерташ а. Хан, делкъалат1ех а яьлла, суьйренга г1оьртинера. Эххар а, шен буьртигаца хьаладалар ца хилча, иза а битина, гонаха хьажа дагадеира Чонгина. Чохь 1аьржа елахь а, х1ора 1уьрга хьожуш, масуьйттаза чекхделира зингат, амма кхин харин чуьра арадала меттиг а ца карийра цунна. Цкъа иштта го а баьккхина, к1аддела, пенах букъ та1ийна, охьалахделира зингат. Амма пенан меттанна, пенах долчу 1уьрга чу нисделира и. Лаьтта бухахь лелаш болчу н1аьно даьккхинчуготтачу 1уьрга т1е нисделла хиллера Чонга. Иза аг1ор хьаладоьдуш дара. Цу чухула хьажа хьалахьаьдира самукъадаьлла зингат. Жимма хан яьлча, Чонга лакха т1ехь дара. Юха чухьаьдира зингат, ткъа кхин а жимма хан яьлча, боккха к1ен буьртиг а текхош, гучу делира. Х1инца коьртаниг дара ц1ехьа боьду некъ лахар. Дукха лийлира Чонга туьйлиге боьду некъ ца карош, амма, цхьа хан яьлча, цунна хезира дуккха а зингатийн аьзнаш.