Хьехархочун дийцар. Дийцарш - страница 2

Шрифт
Интервал


Дага-м деарара суна: «Деллахь, ма марахдовла мегаш жижиг-галнаш ду-кх х1орш!» – аьлла. Амма дан х1ума дацара: дош, аьлла даьлча, духадерзо йиш яц, цунна сиха т1емаш довлу. Т1емаш довларал сов, иза эрча а долу, кхечу нехан матта т1е мосазза дужу.

Ши-кхо де юкъа ца дуьйлира завучийн соьца йолу юкъаметтиг, озийначу 1одан пха санна, юлаяла. Тамашийна хеташ делахь а, оцу ишколехь багарбина ца валлал бара завучаш – виъ-пхиъ, мел к1езиг а. Директор-м, баттахь цкъа гучу а волий, ши-кхо бер чудуьгий царна жимма «муьшка» а йой, «совещанешкахула» ваьлла лелаш, ц1а воьрзуш а вацара.

Тхан нанас Зийнас, ша дийна йолуш, сайга олуш хилла: «Адамашца тарвала г1орталахь даима а!» – дагадог1ура суна кест-кестта. Адамашца-м тарвала хала а дера ца хиллера, амма т1аьхьарчу хенахь и адамийн юьхь а, сибат а дайна лелачу нахаца муха тарвала деза х1окху дуьненчохь? Шен да вухкий а, хьаьким х1утту, ткъа оцу хьаькиман даржах узуш болу етт а бой 1а. Алапа ца валлал хуьлу, ткъа лачкъош дерг цкъа а ца валлал хуьлу. Шена низам а, бакъонаш а ларъян беллачу белхалойн алапи т1ера а ахча лачкъадой, «саг1а хила хьан!» олий, Делан кхиэлах а к1елхьарволу. Берашна ишколан 1едало схьахоьцуш долу рицкъа лачкъадой, г1аланаш санна ц1енош а дой: «1едал ша а къу ду, къуьнан лачкъадо ас!» – олий, шена ялсаманехь меттиг хиларе сатосу. Ялсаманех а, Делах а тешаш воцчу хьаькамна-м гуттар а марш бет1а – цо-м адамийн ц1ий молу бакъонца. Масала, лор ву ша бохуш лелачо олуш хаза тарло: «Шегара саг1ина а кепек ахча хир доцуш волчу цомгашчу стага хьийзаво-кх со, шена „лечени е“ бохуш!»

– Ванах, суна дага-м ма ца вог1у хьо? – цецваларан кеп х1оттош хаьттира соьга цхьана дийнахь Махмуда.

– Муха ца вог1у дага? Вайшиъ вевзина дукха хан-м яц… – ца кхийтира со.

– Хьо РОНО-хь болх беш хилла ма боху… Бакъ дуй и? – шен ойланах кхетийра со директора.

«Деллахь ма суна оьшуш бацара-кх и дагалецамаш х1окху юккъехула чу!» – дагатесира суна. Амма ворда басех чухецаеллера, дан х1ума дацара.

– Цул т1аьхьа-м иттех шо а даьлла. Суна сайна а вицвелла со суо оцу хенахь хилларг. Мелла а х1инцалерчул жима ма вара со оцу хенахь, – бегаш т1е даккха г1оьртира со къамел.

Махьмуда-м велакъежа сурт х1оттийра, еккъа ц1ена шен нийсачу, ирйоьг1начу г1ожмех йина керт санна йолчу цергашца, 1аьржачу мекхан юьхьигаш нисъйина д1аса а озош. Сан кхетамехь дийцича, тахана дуьйна тхуна юккъехь и серийн керт яцахь а, цхьана ирчу серех йина къастор-м яра. Ши-кхо де делира юкъа, со мелла а къахка ца веш, сан са малдолуьйтуш. Амма цхьана 1уьйрана, малхо со чохь 1аш волчу ц1енна хьалхара 1ежийн диттийн г1а маждеш серладоккхучу хенахь, со уьйт1а ваьлча, суна гира 1ожа к1елахь, х1инцца диллича санна 1уьллу, даьсса къаьркъанан шиша. Бежнаш д1алахка баханчу лула-куларчу зударшна ца гуш дуьсийла а дацара и. Со ишколе балха д1акхаьчча, суна иза иштта хиларан тоьшалла а карийра, ондуочу дег1ехь йолчу масех завучех цхьамма сайга дуьххьара хаттар дича.