Хьехархочун дийцар. Дийцарш - страница 7

Шрифт
Интервал


Со ц1аьххьана самаиккхира. Со сайн г1аларчу х1усамехь, книгийн васхалшна хьалхха лаьттачу к1едачу г1антахь наб озийна 1аш хиллера. Суна дагадеира сайна гина г1ан. «Махьмад, Махьмад и мила вара?» – дагалоьцура ас. Т1аккхий бен тидам ца бира ас г1ийла екаш йолчу сайн мобилан телефонан. Со дисплей т1е хьаьжча, цу т1ехь яздина дара «Махьмад». Суна дагадеара айса юьртарчу ишколе балха ваха дагахь ву со аьлча, соьца цхьана хенахь РОНО-хь болх бинчу накъоста Расамбека Махьмудан телефонан номер елла хилар. Махьмуд вара соьга балха д1акхайкха мобилан з1е тоха езаш. З1е етташ верг и вара. Со кхин цкъа а хьаьжира телефонан дисплейга. Т1аккха ас, сайн г1ан дага а деана, телефонан ц1ен нуьйда т1ета1ийра. И нуьйда жимма т1ета1ийна латтийна, телефон д1аяйира дуккха а ханна. Махьмудна-м гуттаренна а.

2008 шо. Валарг.


Лакхарчу юьртара Iандаркъа


Оцу лекхачу Башламан т1ера охьанехьа лахлуш дог1у лаьмнаш, раьг1наш, хьаннаш кхачалуш Нохчийн аренга кхевддачу меттехь 1уьллуш яра жима ламаройн юрт. Генарчу лаьмнашна т1ера сиха хьаьдда дог1уч меттигера хишка хьаьжича, дикка доккха ларалуш хи а дара оцу юртан йисттехула охьахьаьдда доьдуш, лахахь цхьана дикане сатуйсуш санна сихделла. Оцу юьртаца цхьа аг1о хоттаела-яланзий лахенгахь хица охьанехьа к1отар яра. Кхечу ярташкахь 1аш берш хьега ца бан оцу юьртан ц1е юьйцура яц вай. Амма к1отаран ц1е яьккхича цуьнан бахархошца кийчча дов-м дара. Къайлаха аса йовзийту шуна оцу к1отарна кхоьллина самукъне «хутор Веселый» аьлла ц1е яккхан мегаш дара и к1отархой уллохь болуш а. Г1езийн к1отар алар-м, оцу хин йисттехь 1уьллучу к1отарарчу нехан алссама, г1ези1 олуш долу маьхьарен з1аькардаьхни хилар хила а мегара. Делахь а, оцу к1отархошна хезаш яккхан йиш яцар-кха нохчийн к1отаран ц1енна нохчийн ц1е, шайна киййчча дов ца дезахь. Мелла а генуо, тилла ца валийта, оцу хинйистеша охьавахача, базар х1оттал йоккхачу юьрта а кхочура. Ярташ-м оцу хинца охьашершича, «Мусин г1ожмаш» санна ю, делахь вайн оцу ярташца кхин бала а бац. Цхьана б1аьстан довхуочу бахаран дийнахь оцу з1аькардаьхнин ц1е йолчу к1отаран лакхахь йуьллучу юьртара 1андаркъа ц1е йолу цхьа ламро вара лахенга охьаг1ерташ. Вуткъа веха ламанхочун беха чо болу кхекхан куй г1ажна буьххье кхоьссича санна хетара. Охьаохкаделлачу куйнт1ера детта чоьшна юккхера схьагуш мелла а т1едаьлла мердукъ а, хьалахьаьвзина луьста 1аьржа ши мекх бен дацара. Хан теккхина хиларна, бос дикка ца къаьсташ г1овтал а яра лохара т1емаш, х1ара техь 1аш волчу к1айн басахь виран, букът1ехула дехьий, сехьий охкаделла. К1айн вир хоьртала делахь а, цуьнан букът1ехь г1овталан т1емаш к1елахь охкаделла таьлсаш а дацахьара, таьлсаш т1ехула т1екхоьссина цхьана хенахь силга хилла стомма аьхна нуьйран бахьана а дацахьара, ламрочуьнга когаш-м лаьттахь текхаш хира бара, дукха беха болуш. Амма уггаре а боккха бахам г1еметта х1оьттинчу ламарочуьна, оцу хенахь дошлоша лелош хилла, йоца пхоьаза йолу топ яра, гихь кхозуш. Малх-м дика айбеллера базара воьдучу 1андаркъин. Говрахь а дикка гена некъ бара базар х1уттучу юьрта, ткъа вирахь-м и вир к1айн басахь делахь а, генуо яр-кх. Виран болар, амалаш евзаг верг сох дика кхетара ву. Ламарочуьнан вир а дацара шен к1айн басах бен кхин къаьсташ кхечарах. Мел ч1ог1а шена шед, еттарх, шен деха к1айн лерг д1аухьура долуш. Болар хуьйцура долуш дацара х1ара вир а. Вирана дегбаам ца хилийта алан деза, цхьана меттехь хуьйцура уо шен болар – ц1ехьабоьдучу новкъахь. Кхин йолч меттехь вира дехарш дарах, пайда бацара. Ша 1андаркъа а вацара кхин вирал башха сиха а. Базарахь кхин йохка-эцарца бала болуш а вацара х1ара. Дуьххьал д1а базаран юккъехь волалуш ч1ог1а самукъадолуш вар-кх къонах. Базаран де х1ора дийнахь хилча а, к1ордора дацара цунна дийнахь сарралц цу юккъехь лелан. Цуьна юьртахоша-м дикка шай-кай йоккхура, массийта гали хьонка а бохьуш д1абохка. Ткъа х1ара-м вацара ур-аттала п1елг п1елгах д1атоьхна х1ума дийра долуш. Шех терраниг х1усамнана а нисъеллера х1окхунна, кхин «х1ара де вай, иза де вай!» бохш майрачунна ша к1орда ца йойтуш.