Кехатийн эрна бечу балхо б1арзвина, луларчу кабнетана чу, «шавериг а шена т1аьхьа ваьккхина д1авуьгуш верг» – аьлла лаккхара ц1е йолчу Мохьмад волчу, веъира воккха стаг, ДУ-хь (дешаран урхаллехь) къар велла кочура ца волуш висина пенсионер.
«Лулахочо» бийцира, бийцира шен бала, кхин цкъа а, кхин цкъа а:
– Х1ара кехат гой хьуна? Х1окху кехатана т1ехь бан беза болх къематан де ду-кх!..
– Х1ара кехат гой хьуна? Х1окхунна т1ехь хьега дезаш долу къа, дийцина а вер вац, х1ара а…, х1ара а, кхин х1оккхула а къахьеган деза-кх!!!
– Х1ара кехат гой хьуна?..
– Ткъа х1ара кехат!
– Ткъа х1ара!!!
Воккха стаг корта лестош а лаьттина, ара валан вуха д1аволавелира, лесточура корта а ца сацош. Не1аран саг1ехь сецина г1ийла вуха хьаьжира и:
– Со-м сайн оцу кехатийн (бюрократийн) бала балхон веънера хьо волчу.
– Ой, собар де ткъа, бийца хьайн бала, дош олуш ахьа нахе бийцича, бала а жимма лахло хьуна.
– И бала-м ахьа суна айхьа бийци, – олуш д1авахара воккха стаг.
20.02.2019шо.
Истарши испециалист 1алавди.
ДУ (Дешаран урхалла) истарши испециалист 1алавди вара, х1ора дийнахь «Ц1ОКО-но» (ц1ентр оценка качеств образовани) дешархошна а, хьехархошна а х1уьттарена ишколашна еллачу тестийн отчет, ишколаша «ЦIОКО-н» Интернет-сайтана т1е яьккхиний хьожуш, 1уьналла деш.
Д1атуьйхира 1алавдис цхьана ишколе телпо-з1е:
– Шун да хьакхийца… аша Интернетана чу яьккхиний тестийн отчет!
– Яьккхина-а-а! Яьккхина-а-а-а!!! – хезира дуьхьала, дахделла, дуткъаделла, к1адделла аз.
Д1атуьйхира 1алавдис кхин цхьана ишколе а телпо-з1е:
– Шун да а, ден ваша а!!!.. Аша Интернетана чу яьккхиний тестийн отчет!!!
– Ва, 1алавди-и-и, яьккхина, яьккхина, селхана дуьйна… аьлча а, 1уьйрана… аьлча а, суьйрана…
Д1атуьйхира 1алавдис телпо-з1е кхин цхьана ишколе а:
– Шун да а, ден ваша а, цуьна вешин ваша а!!! Хьакха юуш!!! – дов дира цо. -Тестийн отчет чу х1унда ца яьккхина аша, Делан мостаг1ий! – олуш х1инцалерачу нохчийн хьаькимийн озаца т1ечевхира Дешаран урхаллин Истарши испециалист.
– Делахь ца хаьаа суна-м ахьа х1ун отчет юьйцу, ша х1окху цхьана вехаш волчу стагана динчу ц1ено чохь айса еш йолчу иштукатуркех лаьцна ца язъяхь и отчет, – жоп делира аз доьхначу иштукатуршиц-зудчо.
Телпо-з1е харцахьа кхеттачух тера дара 1алавдин х1инца-м.
Истарши испециалист Шема. (Шема Йинчу денца декъала йеш)