Забаре дийцарш миниатюраш. Дийцарийн гулар - страница 22

Шрифт
Интервал


Керла машен эцна дукха хан ялале, цхьа г1уллакх хилла стунда 1аш волчу урамехула т1ехвалан дезаш нисделла к1ентан. Урам болалучохь шен машен д1а а яйъина и туьттуш вог1уш шайн урамехь нуц гина, стумцхой ара лилхина. Стунда хьалха а волуш т1ехьаьлхина машен тоттуш г1одан сихбелла уьш.

– Белзин кхачийна хьан? – хаьттина стундас эххар а шен невце.

– Х1ан-х1а, шун урамехь г1иллакх лаьцна динара воьссинера со-м! – жоп делла г1иллакхен невцо.


Исрапилов Хож-Бауддина.

– Схьахьажахьа, и Ц1уц1а бохуш верг хьо вуй? – хаьттира урамехь саца а вина Хож-Бауддига цхьана къонахчо.

Д1а-схьа а хьаьжина билггал шега луьйш вуй а кхетта:

– Х1инццалца схьа-м вара со Ц1уц1а, – жоп делла Х1ожа-Бауддис.

– Ой, ткъа х1инца дуьйна д1а Муц1а хила дагахь-м вац хьо? – цецваьлла къонах.


Г1иллакхен жима стаг.

Аьрзун з1акарца къовсавелча санна хьаьвзина маара а болуш, ира, сиха уьдуш 1аьржа ши б1аьрг болуш жима стаг автобусна чоьхьа а волуш, сонехь д1атарвеллачу воккхачу стагна улло охьахиира, спортан говрана т1екхоссалуш санна.

Воккха стаг шен цхьаъ бен йоцу церг туьйсуш морожница къовсавелла воллура. Морожни ч1ог1а г1орийначух тера дара.

Аьрзух тера жима стаг къаьрззина хьаьжира воккхачу стеган цхьаъ бе йоцчу церге.

Цкъа а шозза а жима стаг шена къаьрзича:

– Х1а! – олуш, д1акховдийра воккхачу стага морожни.

Шен ира цергаш къарзош схьаэцна цкъа-шозза кхаьллина д1аяг1ийтира морожни жимчу стага. Жимма 1ийна, шен куьг готтачу джинсин кисна даг1ийтина «Суппер стиморол» сег1аз схьадаьккхира жимчу стага. Шиъ буьртиг геннара чуластийна шен бага яг1ийтира цо.

Воккха стаг шен цхьаъ церг гойтуш бага г1аттийна хьаьжничохь висира.

– Х1а, батя! – олуш воккхачу стагана кховдийра г1иллакхен жимчу стага т1улг санна ч1ог1а долчу сег1азан буьртиг. 17 08 08 шо.


Гиххойн кура зуда.

Вайна массарна а евзаш йолчу Гихтан эвлайисттерчу биънекъ къаьсттачу меттиге «Соьлж-Г1ала – Катар-Г1урт» микроавтобус схьакхаьчча шоп1ара мохь туьйхира салон чу:

– Гихта центре д1авиган везаш стагга а вуй?

– Со т1ай доллучохь охьайоссийталахь, стаг, – кхоьссира цхьана курочу зудчо, водителе аг1ора д1ахьажа а ца ешаш.

Шоп1ара-м шен автобус Валаргхьа аг1ора ерзийра, кхин цкъа а ч1аг1алона мохь а олуш:

– Гихта центре воьдуш стаг вуй?

– Со-м ю, – кхин цкъа а кхоьссира курачу зудчо.

– Ой, аса хатта-м ма хаьттира, – реза воцуш яппарш йира шоп1аро.