Забаре дийцарш миниатюраш. Дийцарийн гулар - страница 8

Шрифт
Интервал


МИНИАТЮРАШ Забарен доца дийцарш


Сан доттаг1 Эдин Муса редакцехь.

Сайн доттаг1 Муса болх беш волчу редакци кет1а нисвелча, телпо тоьхнера аса, и балхахь вуй хьажа.

– Х1ун деш лаьтта хьо кет1ахь, утарма а хилла! Чу вола, – бохура доттаг1чо.

– И со а, хьо а эккхарх хира доцург а ца дуьйцуш 1ад 1ехьа, – дийхира аса Мусага.

– Ой! И бохург х1ун ду, цхьа берзалой йац вай! Вайга ца далург и ма доккха х1ума хилан деза! – цецвелира Муса.

– Дера ду и, со санна стомма утарма вайшинна карора йац бохург, – кхетийра аса доттаг1.

24.11.22


Зудчунна х1уш эцар.

Воккха стаг балхара чу моссаза вог1у, дуьхьала йолура зуда, б1аьргаш а къарзабой:

– 90 сом доьхуш долу, х1уш ийцарий ахьа суна? – олуш.

Х1ора дийнахь зудчунна х1уш эца ахча а ца хуьлура, амма воккхачу стага, шена балхахь делкъана х1ума ца йууш а, зудчуна х1уш оьцура, цуьнга б1аьргаш ца къерзабайта.

Тахана-м алапа схьаделла самукъадаьлла вара воккха стаг. Х1уш-м х1ета а эцан дезара тахана, делкъана шена вуззалца х1ума йаъан а аьтто белира воккхачу стеган.

90 сом доьхуш долу х1уш чохь долу къоза пакет а йохьуш чоьхьа велира воккха стаг:

– Хьажал, сан хаза-диканиг, аса хьайна деъна х1уш, тахана алапа схьаделлера суна!

– Ой, и бохург х1ун ду! Алапа схьаделча, х1уш а дохьуш веъна хьо! Наха шоколад ма оьцу шайн зударшна, алапа схьаделча! – б1аьргаш къарзадира зудчо.

04.02.23шо.


1арби – фельдшер-акушер!

Воккха лор волчу ца воьдуш а, 1арби фельдшер бен вацахь а, цомгуш болу нах цунна т1е эха марзбеллера. Моз даочух тера дара цо, йа цомгушчарна хаза дуьйцучух. Делахь а цхьа дарба лелон 1емина хилан а мегара. Масана ду уьш, шайт1ана некъаш.

Цхьана хазчу суьйрана 1арби чу кхайкхинера шен накъоста. Дикка, молуш долчу къаркъано, коьртах тоьхначу хенахь, 1арбийн телпо г1ийла йийкира «ва-а-а!» олуш. Ца ваьлла схьаийцира 1арбес телпо:

– Ладуг1уш ву, схьадийцал, айхьа схьатоьхнехь! – аьлла.

– Х1ун боху цо? Х1усамнана-м йац, орца доккхуш? – хаьттира накъосташа.

– Тамашена нах бу-кх х1орш! Приеме веъча, саг1ена дала киснахь итт туьма а доцуш волу пациент ву-кх телпо йетташ, бале ваьлла! – реза вацара лор 1арби!

15.12.22 шо.


Дала бина къинхетам.

Дала дукха йахайойла и, зоьртала а, боьрша стаг санна дика онда а, йолуш зуда хилла цхьана йуьртахь. Маре ца йуьгуш цхьаммо а, дикка хан йаьлча, цхьа Делан къинхетам хьалха а баьлла, маре йахана хилла и зуда.