Хьалимин Йага – Шимин Чора. Нохчийн а, оьрсийн а маттахь аналитикан, публицистикан белхаш (аналитико-публицистические статьи на русском и чеченском языках) - страница 10

Шрифт
Интервал


Шерипан статьян кхин цхьана аг1онах лаьцца а ала луур дара суна. Цо к1орггера а дика хаарш долуш а дуьйцу нохчийн 1ер-дахаран хьалха хилла чулацамаш, х1инцалерачу заманца церан уьйр а ялайо цо. Амма цо а, кхин болчу таламхоша а т1е тидам ца бохийтуш дерг и х1инцалера нохчий Х1Х б1ешарахь хиллачу нохчех къаьсташ хилар ду. Аса лакхахь ма-аллара, Х1Х б1ешарахь къийсам латтийна нохчий пачхьалкхана дуьхьала т1ом беш х1аллакхилла, дийна бисинарш «пачхьалкх» кхетаман к1елахь совцан безнарш бу. Церан дуьненах болу кхетам, адамийн юкъаметтигах болу кхетам хийцабелла, пачхьалкхан институташа са ца до1уш къахьегна уьш шайн исторически хьолашкахь, нийса аьлча, лахарчу т1ег1ана т1е охьабаха. Х1унда аьлча муьлхха а пачхьалкхан структура, коммунизм олуш йолу утопи а цхьаьна, шен идеалехь нохчийн Х1Х хилла йолу адамийн юкъаметтигийн структурана дуккха а т1ехьайуьсуш ю. Вайн къомана гонаха Х1Х б1ешарахь хиллачу пачхьалкхаша «д1а ца кхоллуш» йуьсур яцара жима Нохчийчоь, амма х1инцалерачу заманахь а ду гонаха 1аш долу къаьмнаш нохчашна шайн культуран, меттан а т1е1ат1къамаш бан шадериг а деш. Вайн матте ладоьг1ча а гуш ду и, аса дуьйцурш дац т1е ца эцча ца довлуш т1еэцна дешнаш. 1арбийн, Европан культурашна юкъанисделла ду вай х1инца а. Кхетадеш ду, дуьне мел доккха делахь а, глобализацино цхьатерра баса далориг хилар массо а къаьмнаш, культураш.

Шен статья чекхйолуш Шерипас т1е тидам бог1ийту х1окху ойлана: «Амма 1996—1999 шерашкахь (нохчийн йозуш йоцуш пачхьалкх йолуш) а нохчийн маршо хьаьшна яра. Чоьхьара маршо йоцуш, сица маьрша боцуш болчу нахана шайна арахьара маршо яьлча. И маршо лан ца ло, цунах дезар эца ца хаьа. Лайн амалашка бирзина нах бу уьш, уьш цкъа а маьрша бовлуш бац…». Алан деза, нохчий пачхьалкхан дозана юкъа бахначул т1ехьа, дикка хан д1аяьлла, т1аьхьенна т1аьхьенаш а хьалакхиина пачхьалкхан «кийрахь». Амма и пачхьалкх даима а «десте» хилла лаьттина нохчашна. Уьш пачхьалкхан дай хила 1амон дагахь цкъа а ца хилла пачхьалкхан бакъболу дай. Мелхо а уьш х1аллакбеш, т1ехьатуьттуш, церан культура «ен» г1ерташ белхаш бина пачхьалкхо даима а. Нохчий шайн дайн адамийн юкъаметтигех а баьхна хилла, ткъа пачхьалкхана юкъабигича а уьш цу юккъехь 1ен-баха 1амош а ца хилла. 1996 шарахь яккхий къизалаш а ловш, механа доккха ц1ий а луш уьш цхьана пачхьалкхах к1елхьара а бевлла кхин и санна йолу пачхьалкх ян г1оьртича х1ун хийцало. Х1Х б1ешарахь, нагахь санна Шемалан теократически пачхьалкх т1амехь тоьллехь а, нохчаша и сихонца йохор яра. Шайн юкъаметтиг лелон а хуур дара царнна, шаьш бехар а бара цхьа а пачхьалкх а ца еш. Амма х1инцалера нохчий хийцабелла, мел ч1ог1а вай дайн г1иллакхаш лелон г1ертахь а, уьш хийцалуш д1аг1ур ду. Шерипас шен статья т1ехь юьйцуш йолу юьхьшен маршо а нохчочун хийца езар ю пачхьалкхан муьт1ахь йолчу маршонца, пачхьалкхо шена луш йоллучу маршонца.