Хьалимин Йага – Шимин Чора. Нохчийн а, оьрсийн а маттахь аналитикан, публицистикан белхаш (аналитико-публицистические статьи на русском и чеченском языках) - страница 13
Коьртачу турпалхойн вовшашна юккъехь йолчу уьйрашна т1ехь хилла ца 1аш кхин цхьа аг1о а ю Эминас шен ледара гойтуш. Ала деза, Минкаилов Эльбрусас Эминан вастаца гойтуш ериг нохчийн интеллигенции хилар а, х1инцалерачу заманахь оцу интеллигенцино шегара ялийтина ледарлонаш гойтуш хилар а. Вайна дика дагадог1у, иттех шо хьалха вайн къомана т1ех1иттина хилла къиза хиламаш. Интелигенцино оцу хиламашкахь шегара гайтина хьуьнарш а, нийса хир ду, ца гайтина хьуьнарш аьлча. Суна хетарехь, Минкаилов Эльбрусан дийцаран т1ехь коьрта меттиг д1алоцурш а, коьрта ерш а нохчийн къомана т1ех1иттина халонаш, къизалонаш а ю. Дийцар литературан жанр жимачех ларалуш делахь а, авторан дика аьтто баьллачех коьртаниг а ду, йоцачу литературан произведенехь къоман а, пачхьалкхана а ницкъа хуьлуш, дерриг дуьненан а бала кхочуш хилла болу баккхийн хиламаш гайтар. Ткъа шина-кхаа турпалхойн васташ бен ца гойтуш, ца кхуллуш ишттачу барамехь литературни а, дахаран а к1оргалла гайта яздархочунна к1езига девзаш хилан ца деза дахар а, цуьнан алсама хилан деза пох1малла а.
Дийцаран юьхьенгахь, дуьххьара вайна Шемал вевзачу хенахь, и жима стаг цхьабосса, адамийн юкъараллехь хилан еза аьлла юкъарлаьцначех тера, амалаш йолуш вац, Эмине хаьттича-м х1етте а. Эминас мелла а сийсаз яхь а, Шемалас ша мел бен-башхалла ца хеташ ша гайтахь а шен амалаш, дешархочун кхин дог доккхуш, дог дохош, билгалла вон ю аьлла амалаш а яц оцу жимчу стеган, хан-замане хьаьжича. Эмин санна тай тоьхча санна нийса и лелаш вацахь а, дешархочо шех дог оьцуш, дешархо шегахьа д1аийзош ю Шемалан амалаш. Эмин институте деша воьду атта экзаменаш д1а а лой, Шемалан и аьтту ца хуьлу, делахь а Шемалас шена юьхьара лаьцна йолу 1алашо кхочушйо заочно деша а воьдий. Шена хазъеллачу йо1е геннара хьоьжуш ца 1а и, масала, Эмин санна къайла-къулах хьоьшуш, цо-м и т1ехьа а волий, йоь1ан ойла шегахьа а ерзайой и ялайо, шайн х1усам а кхуллу. Аьлла хета, нагахь санна Советан 1едал ца духуш, машарен зама кхин а д1а яханехь, Шемал кхин нах санна г1ийла шена а шен х1усаман а дуьхьа вехар вара аьлла. Берашна «берийн бешахь» меттиг а хир яра, Шемална а, Саидийна а бан болх а хир бара, цхьана х1уманах кхеран а ца дезара, шина вонах цхьаъ «дика во» харжа а дезара дацара. Мел к1еззиг а хийцамаш буьйлалуш, халонаш т1ех1уьттучу заманчохь Шемал милицин капитан ма хуьлу, иза Советан 1едал долчу хенахь к1езига дарж лоруш ма дацара. Вай къайла дахийта хьаьвсича а Эминас дуьжийтур дац Шемал маларца эвхьаза ваьлла хилар жима стаг волуш дуьйна, цо адмна мел дохьуш долчу вонах Шемал к1елхьара ваьлла ца хилар а. Делахь а Шемалас санна къаьркъа малар советан 1едал долчу хенахь, бакъ дериг аьлча вайн заманчохь а, къаьсттина Россин юкъараллин дахарехь кхин доккха къа лоруш а дацара. Молуш болучаьрга хьаьжича Шемал масмалик хилан а тарлуш хьал дара, делахь а уггар а вончарех цхьаъ амал-м ю иза, оцу т1ехь вайн ойланаш Эминан ойланашца цхьана йог1уш а ю. Делахь а, Шемалан мел делахь а, даржах х1ума а ду, шен х1усам а ю, къизаллех сийсаш йолу зама т1е ца кхаьчнехьара Шемалан доьзална а, дерриг а вайн къомана а. Халчу замано даима а адмана ч1ог1алла туьйсу, к1еданиг, ледарниг дакъаза а воккху оцу сохьта. Советан замано кечвеш вацара стаг халонаш лан, харцонашца къийса а, оцу къийсамехь толамаш баха а, лай хилан 1амавора. Берзан амалаш йолчу капитализмах-м вайн нехан х1инца а бац кхин баккхийн кхетамаш, кхечу къаьмнашка, Россин регионашка хьаьжича вайн къам х1инца а ша Советан заманахь дехаш ду тарделла 1аш ду. Ткъа Советан пачхьалкх йоьхна д1аяьлча, советски «теплицан» хьелашкахь 1емина долу вайн къам цхьана маь11ера вукху маь11е кхоссалуш тохаделира. Хуьлуш долчух билгал кхеташ к1езига адамаш дара, шаьш х1ун дан деза хуурш кхин а к1езига бара. Къомана хьалха бевллачара а, къоман мостаг1аша а бен шайна пайда оьцуш стаг а вацара оцу хьелашкахь. Дийцаран аг1онашна т1ехь гойтуш йолчу масех митингаша а, цкъа цхьанна т1ехьадовлуш, т1аккха вукхарна т1ехьа х1уьттуш лелачу б1аьрзечу адамаша а гойту мел кийча дац адам ишттачу хиламашна дуьхьала латта, къийса а, шайна оьшуш йолчу меттиге д1аг1орта а, цига кхача-м х1етте а. Масанаш адамаш дакъаза дехира оцу чолхечу хьелаша, масанаш х1аллак а бира, царех цхьаъ Шемал а, цуьнца цхьана Саида а, церан х1усам а. Ишттачу хийцамашна кийча вацара Шемал, цуьнца цхьана дерриг а къам а ца хиллера ишттачу хийцамашца къийса, толам баккха, толам баьккхича а, цунах нийса пайда эца а. Кийча ца хилира Эмин а, цуьнца цхьана вайнехан шайолу интеллигенции а. Эмин Шемал санна дакъаза цаваларан бахьана дахаран хийцамашца и ларавалар дацара, амма и а, вайн интеллигенции а юьстаха латтар дара, къийсамана йистехьа латтар! Интеллигенци къоман нийсонехьа болчу къийсамехь хьалхарчу мог1анашкахь хила езар-кха аьлла хета, къоман уггар а хьекъален долу дакъа ма ду и. Шемал-м г1оьртира къовсамна улло, харцоно и сихонца мерцира, т1аккха вага а вина чим бира цунах. Эмин Шемалах кхаьрдаш санна хетало, цунна атта ду аьлла а хета, геннара хьожуш латта, бакъверг а воцург а билгалваккха, эшнарг бехкеван а, воьжначунна т1е п1елг хьажон а. Оцу хенахьлера интеллигенци ян а яра шен къоман хиламийн «…лаамза хилла теш…», я къомана хьалха яьлла нийса некъ гайта а де доцуш, я къовсаман байракх буйна эцан а стогалла доцуш. Генара кхечу пачхьалкхашкара, уллора вайн пачхьалкхан кхечу регионашкара х1ун хуьлу хьовсар дар-кх цара хаьржинарг «…теш хилар…». «Оппозици» сардамийн дош долчу хенахь, кхин къийсам латтон де долуш ца хилира Шемал а. Мухха делахь а, оццу оппозиционераша толам баккхалца и ваьхнехьара цхьа дарж а кхача мегара цуьнга, хьалха советан 1едал долуш санна наха а лоруш стаг а хилла д1авахан а тарлора иза. Саида а дийна йисан тарлора, хенан къизалло «гуора ца йожош». Амма хенан хиламан кхел кхочушхилира оьздачу мискана Саидин а, заманан къизалло хьекъалах талхавал к1еда хиллачу Шемалан а, шех х1ара ду аьлла цхьа а пайданехьа х1ума ца даьллачу Эминин а дахарехь.