Хьалимин Йага – Шимин Чора. Нохчийн а, оьрсийн а маттахь аналитикан, публицистикан белхаш (аналитико-публицистические статьи на русском и чеченском языках) - страница 5

Шрифт
Интервал


Кхечу аг1ор хила йиш а яцара, Нохчийчохь да воцуш, адам доьхна, шаьш х1ун дан деза ца хууш лела хан ю иза. Белхаш боцуш, генара белхаш боьхна, алапаш доцуш, къам б1арзделлера, оцу къомана юккъехь собар к1езиг дерш, аьрха нах а нислора.

Шен дийцар долош, Хьаьлима юьхьанца гойту вайна, мела а оцу къизчу хиламашна йистехьуо нисбеллачу ламанхойн 1ер-дахар.

Йагин Бийтар-эвлахьцкъачунна тийна дара. Эвлахь кест-кестта д1айоккхучу токуо а, лахара хьала хезаш долчу къамелаша гойту х1окху тийналлина а т1ег1ерта йоккхачу пачхьалкхехь а, къаьсттина Нохчийчохь, хилла хийцамаш, бохамаш.

Амма Хьалима кхуллу метан говзачу исбаьхьаллин г1ирсашца шатайпа сурт, хьалха санна коьрта турпалхо Йага а волуш, кхоьллина басарш ма-торру юьстаха а тоьттуш. Беламе дийцаршкахь бохаман суьрташ гайта къаьсттина дика пох1ма а, йозанан говзалла а, адамийн амалш евзаш а, адам дезаш а хила веза яздархо. Ткъа Хьаьлим х1окху дийцарехь дика ларавелла и декхарш кхочушдеш. Цо беламе гойту цхьаберш, иза доггаха воьлу вукхарах, амма яздархочун беламна юккъехь, дикка цуьнга ладоьг1ча, къаьста оцу адамах цуьнан шен дог лазар а, боккха къинхетам а.

Йага-м шен зудчо Босбикас лелийначу урда т1ера далараш санна йолу хьаьжк1аш чуерзийна, оцу рицкъанах а воккха а веш 1аш вара. Амма Йага санна болу ламанхой карзахбоху лахара рицкъах йоьттина машенаш цхьаберш хьалакхийла боьлча, Йагина дагайог1у хьалха обаргаша Теркал дехьара кхийлина реманаш. Яхье волу шен доттаг1ашца Хьаппица, Мушуца, Шовхалца а. х1ара, наха лелочуьнга хьожий, ойла ца еш, юкъаг1урту, ткъа цунах х1ун хуьлу вайна гур ду дийцаран чулацам вай теллича.

Гуьмсе-г1ала Йага д1акхаьчча, цецволий вуьсу. Ерриге а Нохчийчуьра гулделла адам хуьлу, аьчканекъан бохалла д1а а, схьа ц1ераш ягош 1аш. Х1оккхузахь ву Йагин кхоъ накъост а, цара шайн доттаг1чунна хьоьху вагонаш т1ера х1ун мехала ю а, яц а.

Йоттуш шашлык а хааели, малар а ду, шелонца къийса атта хилийта. Беламца гойту яздархочо кхузахь адамийн амалш талхар йоццучу хан-заманахь. Иза гайта аьтто болу х1окху наха, синкъерам бу бохуш оцу юккъехь маьттаза лела адамаш, дуьйцу къамелаш гайтарца. Къоман сийлахь йолу амалш, оьздангаллаш хьоьшу кхуза гулделлачу адамо. Схьахетарехь, иштта кхин генадалахь Нохчийчуьра массо маь11ера кхуза схьагулбеллачу наха, берриге махкахь даржор ду и къам маьттазадоккху долу х1у! Иман даржош йолчу халкъан институтан векалш а хаало йистехьуо назманаш олуш. Йагин аьтто а болу цаьрга хаттар дан. Халкъан оьздангалла яржош хуьлучу синкъерамехь шена цакарийнарг а, лоху Йагас дешначу нахехь. Амма кхуза гулбелла бакхий нах а бу шайн рицкъ кхузахь ду моьттуш, Дала шайна делла. Шайна бег1ийла хеттачу аг1ор дерзадо цара, рицкъа х1ун ю аьлла, олучух шаьш кхетар а. Ц1ера арадаьхначу хенахь шайгара даьккхина, лулара къаьмнаша шайна дерзийна рицкъ а долучух тера ду цхьаболчарна х1инца а дагадог1уш. Уьш бу и рицкъа ц1ера арадаьккхинчу къомана Дала х1инца юхасхьахьажийна моьттуш, шайн дог оцунах 1ехадеш. Милла ца дала а, шайна мелана а олий, оцу адамаша-м зуькаран ч1уг а хьовзайо.