ШолгIачун маж цIена йаьшна, амма хаза тодина месала мекхаш ду. Цуьнан коьртахь лохочу кепехь бина боьмашчу басахь холхазан куй бу, ткъа дисина духар йевропахойн ду. Хьалхарчун йехо йуьхь а, аьрзун зIакарх тера хьаьвзина, дукъ тIедаьлла боккха мара белахь а, шолгIачун цIен бос бетталуш, горга кIайн йуьхь йу. Йуьхь-сибат а, васташ а хаза, дeгI куьце ду цуьнан, тIе мехкарийн духар дуьйхича, хазачу йоIах а тарлур волуш. Хьалхарниг хабаре ву, ткъа шолгIаниг наггахь бен вист ца хуьлу, ша вистхуьлуш а йуьхь цIийло цуьнан.
И шиъ Йоккхачу АтагIара ву. ШолгIаниг ТIамин Аюб ву, Зеламхин уггар тешаме накъост. Цунна дика оьрсийн мотт а, йоза-дешар а хаьа, цундела Зеламхин писар ву иза. Дуткъачу, элдарчу дегIара эсала Аюб майра а, оьзда а, доьналле а кIант ву.
– Iуьйрре дуьйна кхузахь хиъна Iийна, дeгI тхьусдоьлла-кх сан, – элира мажйаьллачо, чIижалг хьала а лаьцна, хих масех къурд а бина. – Бедарш а тIунъелла. Ткъа вайша ларбийраш гучубовлуш а бац. ХIинца а ца баьхкина, уьш маца богIур бу, Аюб?
– МаьркIажан хан хиллалц ладогIа деза вайша.
– И вайша кIелхьарваккха везарг ван мукъана а мила ву?
– Ца хаьа суна.
– Мичара ву иза?
– Ца хаьа.
– ХIета, сох къайладаьккхина ду-кх иза, – дегабаам бира мажйолчо.
Аюб цигаьрка хьарчо вуьйлира.
– «Хаац» боху дош дашо ду олуш, хезний хьуна, Абубакар? Вай санначу берзалошна далийна кица ду иза. Амма кхузахь цхьа а тайпа къайле йац. Вайша кIелхьарваккха веза жима стаг мила ву а, мичара ву а, ца хаьа суна. Селхана шена тIе а кхайкхина, Зеламхас элира соьга: «Аюб, кхана Ведана гIопера охьа Соьлжа-ГIала набахти вуьгур волуш цхьа жима стаг ву. Хьайца тешам болу цхьа накъост а вигий, новкъахь кIело а йай, иза салташкара схьа а ваккхий, суна тIе схьавалаве». Иза ду-кх суна хуург а.
– Тоьуш ду. Ха деш салтий дукха хир буй-те?
– Хьуна маса хила лаара?
– Иттаннал алсам хилахь, ларор вуй-те вайша?
Аюб, боккха баьккхина цигаьркин кIур чу а тоьхна, велавелира.
– Итт салти бен уьш ца хилча-м, суна накъост а ца оьшура!
– ХIета ас, охьа а вижина, парггIат садаIа мегар ду. Салташца хьо цхьаъ ларориг хилча, со совнаха ма ву.
ХIара шиъ къамеле ваьлла Iаш, геннахь говрийн гIудалкх гучуйелира. Аюба турмал лецира бIаьргаш тIе.
– Вайшиммо ладоьгIурш гучубевли, – элира цо. – ГIудалкха тIехь пхи салти а, куьйгаш дихкина нохчо а ву.
– Турмал соьга лохьа! – куьг дIакховдийра Абубакара.