– ХIаъа, дукха эрчонаш гайтира оцу шаро. ХIара мацалла, хIара къелла, хIара харцонаш кхидIа лан собар а кхачийна, гIевттира нохчий. Цара сатийсина маршо а, сискал а, бакъонаш-м муххале а ца хилира царна, мелхо а, гIуллакхаш кхин тIе а галдевлира. БIеннаш, эзарнаш адамаш тIамехь хIаллакьхилира, бIеннаш йартех, йагийна, чим бира, бIеннаш доьзалш Сибрех бахийтира. Тхан МахкатIера а, гондIарчу йарташкара а хIаллакьхилларш тоьур бара. Тхо цхьадерш-м, аренга а кхалхийна, дитира. Маршо-м муххале а ца хилира вайна, мелхо а, хьалхачул чIогIа къамкъарг Iаьвдира. Са дала доьлча, буй малбеш, тIаккха йуха а тIекъовлуш. Даха а ца дуьтуш, йа, дайъина, дIа а ца дохуш. Дависарг, цхьа ткъе итт шо мукъана а къона велара со. XIapa цхьана болу ши сту а боьхкина, топ а, патармаш а эцна, оцу Зеламхех дIакхета. Веддарг-хьаьддарг ца волуьйтуш, кху Iедалан хьаькамаш байа.
ХIокху махка кхаьччахьана, некъахочунна дукха хезара оцу Зеламхин цIе йохуш. Вешина зуда йалош шина тайпанна йуккъехь хиллачу девнехь шина а aгIop цхьацца стаг вийна, ткъа Iедало Зеламха а, цуьнан да а, шичой а, лецна, Сибрех бахийтина, цигара цIа а балийна, йуха дов хаьттича а, хенаш тоьхна царна; тIаккха Соьлжа-ГIалин набахтера ведда, иза обарг ваьлла лела кхо шо а ду, бохура. Дийцарехь, цо кхерамна кIел латтадора кху махкара Iедал.
Соьлжа-ГIалахь даьккхинчу цхьана дийнахь тахана хIокху махкахь хIоьттинчу хьолах лаьцна кхин а керланаш хезнера некъахочунна. Дийцарехь а, зорбанехь йаздарехь а дика йацара кхузарчу къаьмнийн йукъаметтигаш. Уьш галйаьхнера Iедало лелочу харцонаша. TIом чекхбаьлча, нохчийн махкахь уггар тоьллачуьра латтанаш гIалгIазкхийн станицийн, нохчийн а, оьрсийн а эпсарийн, совдегарийн, чиновникийн, лакхарчу динадайн а дола даьхнера. Оцу гIуллакхо лаьттан къелла хIоттийнера халкъе. ШолгIа, нохчашна герз лелор дихкинера, ткъа гIалгIазкхашна и лело бакъо йеллера. КхозлагIа, кхузахь шатайпа законаш дара нохчий эшош, амма гIалгIазкхий толош. ТIехула тIе, имперехь цхьанххьа а боцу текхамаш а бойтура нохчашка. Кху махкахь дехачу къаьмнашна йуккъехь барт бан-м муххале а ца гIертара Iедал, мелхо а, царна йукъа дов туьйсуш, и кIамдеш, дардеш, диллина дIа царна йуккъехь мостагIалла латтадора.
Некъахочунна хазарехь, и йукъаметтигаш цуьрриг а тоелла йацара ткъе вopхI шо хьалхачул. Цхьа-ши шо хьалха ШаIми-Юьртан базарахь, гIалгIазкхий нохчашкара герз дIадаккха гIоьртича, дов даьлла хилла, шина а агIорхьара нах а бойуш. Оццу хенахь Карабулакски станицерчу гIалгIазкхаша талийна гIалгIайн йурт Яндаркъа. Ткъа стохка Сунженски отделан атамана, ссылкера бевдда цIа баьхкина ламанхой лоьху ша аьлла бахьана а хIоттийна, талийна Экажев-Юрт.