– Вевза суна и кIант а. И обарг. Шуьшиъ мичара йу?
– ДаьргIара.
– Мила ву шуьшиннан кхузахь?
– ХIокхуьнан хIусамда ву, сан ваша а.
– ХIун бехк баьлла цаьргара?
– Хьуьнах йаьлла лела говр йалийнера цо, – элира берашца йолчу зудчо. – Кхайкхийча, говран да ца велира. Iаьнан дохалла кхебира оха иза, тIаккха, да ца ваьлча, йоьхкира. Ткъа иза Iедалан говр хиллера…
Эпсаро, дуьхьал куьг тесна, корта ластийра.
– Тоийта! Хьан вашас а дина хир ду-кх цхьа галдаьлларг?
– Йуьртара нах Iедална дуьхьалбаьхна аьлла, бехке вина, лаьцна.
Стенна дара а хаац, эпсаро, доккха са а даьIна, шен кхалкъе беснеш, лелхийта санна, йуса а йуьйсина, татанца мох дIахийцира.
– Шайн нахера зулам далале довла дезара шу орцах. ХIинца тIаьхьа ду. Цхьаммо гIалгIазкхичунна шаьлта тоьхна, шолгIачо йуьртдена тIара эккхийтина, кхозлагIчо Iедалан говр лачкъийна, воьалгIачо йурт Iедална дуьхьалйаьккхина. ХIинца соьга хIун де боху аш? HeI йеллий, арахеца, боху аш? Йуха а цаьрга зулам дайта?
– Ца боху дера. Цаьрга кхача дIа а луш, тхо вовшашна гайта мегар дацара-те аьлла, даьхкинера тхо-м, – элира воккхачу стага.
– Нана йаларг, сайниг цомгаш ву, боху… Хьайн Делан дуьхьа, къинхетам бехьа декъазчу ненах… И цхьа кIант бен, доьзалхо ма вац сан… Иза дуьнен чу а валале лаьцна вигна цуьнан да доьза ма вайна… ТIехь да а воцуш кхиъна, гIийла буо ма ду иза…
– ХIета, цуьнан да а хилла-кх кху Iедалан мостагI? – йоккха стаг йукъахйаьккхира эпсаро.
– ХIан-хIа, цуьнан да оьзда, хьанала стаг вара…
– Тоийта. Тахана цхьа а тIевуьтуш вац тутмакхашна. – Эпсар, багахь шок лоькхуш, эткех йайн шед йетташ, гIопа чу вахара.
КIанта шен ненан кучан йух озийра.
– ЦIа гIo вай, нана?
Нанас, йист ца хуьлуш, дайн куьг хьаькхира цуьнан коьртах.
Туьканан корехь лаьтта пиркечик, ара а ваьлла, зударшна тIевеара.
– Аш дехарш дарах а, делхарх а, тIедуьтур дац шу, – элира цо зударшка.
– Оха хIун дан деза? – цунна тIейирзира йоккха стаг.
– Хьаькамашна кхоана йала xIyмa йуй шуьгахь?
Йоккха стаг дIатийра.
– Мел хIума йезар йу? – хаьттира цхьана зудчо.
– Шайн ницкъ кхоччург.
– Цхьацца сом тоьур дуй?
Пиркечико ойла йира.
– Доцчунна дан xIyмa дац. Ма-луъу ца хилча, ма-торру, аьлла-кх.
Къона ши зуда вовшех дагайелира.
– Оха цуьнга дIа муха лур ду? Цо лелхадахь?
– Соьга схьало. Ас дIакхачор ду кхачо деззачуьнга.
Шина зудчо шайн корталийн тIемагех дина шеддаш а даьстина, дато соьмаш кховдийра.