Йеха буьйсанаш - страница 37

Шрифт
Интервал


Кхача мел миска белахь а, цул чомехь хIума ца хийтира Iелина. Йекъа сискал, дуьра нитташ, шийла шовда. Иза тешна вара, тахана кхин биэн-берса кхача буур болуш оцу регIаца, оцу ирзошца стаг вацарх. Бакъду, керлачу йуьртден Iосин, Шахьбин, ХортIин шортта даьхний а, жижиг а, дама а ду, амма шаьш йолах лецначу ахархошна цара уьш бIаьрга-м ца гойту. Йолахошна йал а ца ло цара. ДуьххьалдIа Iосас а, молла Шахьбис а, совдегаро ХортIас а – цара, цхьа масех стага, шайна кхаш лелориг оцу нахана ирзош аха гота ло. Ткъа шаьш, наггахь цара хIун до хьовса а богIуш, цIахь бийшина Iохку.

Делкъе йиначул тIаьхьа Iела садаIа дIатевжира. Ламаз а дина охьахиъна Айза хьалагIаттийра аганахь самаваьллачу кIанта. Цунна тIаьххье меттахъхьайра Iумар а.

«Ма декъаза хIуманаш йу-кх зударий, – ойла йора Iелас, берашна там бан гIертачу зудчуьнга а хьоьжуш. – Дийнахь а, буса а синтем бац церан».

Шен декъах йаьккхина сискал кара а йелла, Iумар дIа а тевина, аганан гIожа тIе тевжира Айза. Шурех буьзна, пхенаш сенделла кIайн накха беран бага а боьллина, вукхунна йоьссина шура сацо гIерташ, тIе куьг а диллина, кIанте хьоьжуш, дIатийра иза.

БIаьстенан махо Iаржйинчу йуьхьа тIехь хIиттина, тхи санна, хьацаран тIадамаш. ЧIагарш хилла, хьийзина хьаьжа тIехулара месаш. КIайн лаг хьоьстуш, тIехьаьрчина Iаьржа-стомма кIажар. Къинхетаме, эсала, Iаьржа баккхий бIаьргаш. Шабарца кIант хьоьстуш, меттахъхьера малхо этIийна балдаш, горгачу йуьхьан беснеш тIе хIиттинера кегий кIаьгнаш.

«Хаза зуда нисйелла суна, – ойла йора Iелас. – Хаза, дика, онда, къинхетаме. Дуьненахь ас хьегна бала бицбайта, сох къинхетам бина, Дала нисйи-кх. Шиъ кIант ву, цхьа сту а бу. Дех дисина ирзо а ду. Кхин суна оьшуш хIумма а дац. Дела, Хьо дика ву-кх. Амма, Аьрзу… Цо хIинца а зуда ца йалийна…»

– Тахана, кха тIе йогIуш, новкъахь Эсет кхийтира сох, – элира Айзас, Iелин дагара хиъча санна.

– Мила Эсет? – хаьттира цецваьллачу Iелас.

– Мила Эсет бохург хIун ду? Гати-Юьртахь цхьаъ бен йуй Эсет?

– Гатин зуда йуьйцу ахь?

– Цхьацца дуьйцуш йогIуш, КIант хьахавелира тхойшиннан. Цаьршинна хIинца а деза вовшийн…

– Эрна деза. Иза йеза декхар дац Аьрзун. Цаьршимма дицдан деза вовшийн. Марехь зуда йу Эсет. Стаг оьзда хила веза.

– Цаьршиннан дагара цхьанне а ца хаьа…

– Дика ду-кх, ца хиъча. Хиъча, иэхь а ду.

– Иштта ала атта ду, стаг. Хьо, хьайна йеззарг а йалийна, охьахиъча, дезаш вовшехдаьллачу цаьршиннах дог ца лозу хьан?