Iелин бIаьргех кIез-кIезиг лешаш Iийдалу хиш, беснеш тIехула охьа а хьаьлхаш, можалахь къайладуьйлура. Мархетна уьш гарна кхоьруш, охьа а таьIна Iара иза.
– Дала мукъалахь, толур йу хьо, Мархет. ХIокху йалх беран дуьхьа а, хьо ца тойелча йиш йац. Амма Iожалла вайна тIаьхьа а хIоьттина лела. И де тхаьш дийна а долуш дагIахь, ас дуй боу-кх хьуна, хьан весет кхочушдан.
– Дела реза хуьлда хьуна, Iела! Ма Iе, дIагIо. Дукъара цIа веана, кIадвелла хир ву хьо.
КхидIа цомгашчуьнца къамел дан ницкъ боцу Iела, цуьнан Iодика а йина, аравелира.
– Iосас хIун бохура хьоьга, Васал? – хаьттира Iелас, ша хиъначохь луьлла уьйзуш кетIахь Iачу цуьнга.
– Шена кха дохка, бохура.
– Ахь хIун эли ткъа?
– Духкур дац, эли, ала-м. Амма, хIун дер, хаац. ТIейогIучу гурахь йухалург цхьа гали хьаьжкIаш йеанера ас цуьнгара. Йа уьш, йа кха ло, боху, шена. Таро йоьхна ву со.
– Айхьа хьаьжкIаш дIалур йу, ала.
– Ас мичара ло цунна уьш? Со-х тховса берашна сискал йан а цинц боцуш ву.
– Воха ма воха хьо. Вайн рицкъанаш Делехь ду. Наха дIатесна вуьтур вац хьо.
* * *
…Iела цIавирзича, йуург кийчча лаьтташ йара. Очакх тIера схьаэцна боккха цIеста йай цIенкъа а хIоттийна, тIера негIар дIаайъира Айзас. ЧухIоьттинчу кIуьрах дIауьйш, чоме Iаь йаьржира. Дас шена бина дечиган жима мIара а эцна, йена гуонаха хьаьвзира Iумар.
– Саьрамсекх аьттий ахь? – хаьттира Iелас Айзега.
– Аьтта.
– Шина кIантана цхьа-ши хьалтIам йитий, и йай берамца ВасалгIарна хьохьа.
Айза цецйелира.
– Вай хIун до ткъа?
– Вай охьадуьйшур ду-кх. Кху дуьненахь мел долу даар хиларх, кхаьллина хIума кийра гIyp дац-кх суна.
Айза, кхин йист ца хуьлуш, берам чохь дечиган кад тIехIоттийна йай а эцна, арайелира.
Йилхина ши бIаьрг цIийбина, цхьа ах сахьт далале йухайеара иза.