Царал сов походехь дакъалоцуш бара паччахьан гIарабевлла инарлаш: Пассек, Викторов, Клюге фон Клюгенау, Граббе, Барятинский, Фок, Белявский, Меликов, Бенкендорф, Гурко, Дондуков-Корсаков, Миллер-Закомельский, Гейдель, кхин дуккха а.
План иштта йара:
Нохчийн, Дагестанан шина отрядан декхар дара, Дагестанахула хьала Iаьнда а йахана, цигара охьа Нохчийчу а йирзина, Шемалан резиденци ДаьргIа дIа а лаьцна, Нохчмахка а йохош, Шелахьа дIайаха. Оццу хенахь шайна хьалхахIиттийначу некъашца тIамца Нохчийчоьнан кIорге кхача йезара важа отрядаш. Оцу пхеа отрядал сов, Грознехь резервехь йитинера шен коьртехь инарла Фрейтаг а волуш цхьа отряд.
Йерриг отрядийн декхар дара, гIуллакх чекхдоккхуш, Шела уллохь цхьаьнакхета.
31-чу майхь Внезапни-гIопана уллохь лаьттачу Нохчийн отрядна тIевеана Воронцов, иза эцна Хуббаре а вахана, цигахь Дагестанан отрядах кхетта, лаьмнашка хьалаволавелира. Шина отрядан ницкъ иштта бара: гIашлой – 21 батальон, 9 ротий, царна йуккъехь йара 4 саперийн, 3 иччархойн рота. Царал сов, отрядехь дакъалоцуш вара 1000 гуьржийн милиционер; дошлой – 10 сотни гIалгIазкхий, 2 гуьржийн сотни. Шина а отрядехь – 38 йоккха топ а, 4 мортир а.
Походан коьрта ницкъаш – кхо отряд а, царал сов, инарлин Фрейтаган резерван отряд а – Нохчийчу берзийна хиларна, имамо Шемала, шен эскарийн тIум – нохчийн эскарш – хье ца деш, Нохчийчохь дитира. Наиб ТIелхаг коьртехь а волуш бисина цигара наибаш декхарийлахь бара йоккха Нохчийчоь ларйан. Наибашна Элдарна а, Уллубина а тIедиллира Нохчмахка Iалашйар. Дагестанхойх, къаьсттина Iаьндойх, ца теша Шемал, шеца йалх эзар бIаьхо а эцна, Воронцовна дуьхьал вахара.
Дагестанехь гIуллакхаш дика дацара Шемалан. Дуьххьара хиллачу кIез-мезигчу тасадаларехь вохийна Хьаьжа-Мурд, лаьмнашкахь къайла а ваьлла, тIепаза вайнера.
Воронцовний, Шемалний йуккъехь Iаьндойн ломахь дуьххьара хилла тIом Шемал оьшуш сихха чекхбелира. Iаьнда кIегарвала дийзира имаман. Кхузахь цунна гира ша хьалххе дуьйна кхийринарг: паччахьан эскарш тIекхачаре сатуьйсуш, царна туьха-бепиг кечдина Iаш карийра цунна Iаьндой. Уьш карахь совцо дагахь Шемала, Iаьндойн наибаш шена тIе а кхайкхина, цаьрга, йамартло ца йан тIелоцуьйтуш, дуйнаш баийтира. Амма, тIом болало хан тIехIоьттича, Iаьндоша, шайн наиб таIIийна чу а воьллина, имам йарташка витарна дуьхьало йира. ТIаккха шаьш а, паччахьан эскарш гергагIоьртича, герзаш охьа а туьйсуш, цаьргахьа бийла буьйлира. Кхузахь хинболчу тIамах цхьа а доцург хила доллийла а хиъна, Шемалца болу кIеззиг нохчий Нохчийчу берза кечбелира.