Акаев ИсмаIал – журналист, публицист, редактор, йаздархо, театран а, кинон а гIуллакххо, Лондонера Евразийски Кхоллараллин Гильдин Декъашхо, Кавказан йаздархойн декъашхо. 90-чу шерашкахь дуьйна литературехь жигара къахьоьгуш ву. Акаев ИсмаIалс йазйина, зорбане йевлла хIара тайпа маьIне, кIоргера чулацам болу литературни-исторически говзарш – трилоги «Серебреник», «Дахаран туьха», «Siiver Coin», «Записки штрафника. Млечный путь», «Свобода или смерть», «Маршо йа Iожалла», иштта шортта публицистически статьйаш а, дийцарш а, цул совнаха Акаев ИсмаIал автор ву, Нохчийчоьхь дуьххьара зорбане йаьллачу проектан – «Генеалогическое древо ЧIИНАХ БОКИ-ДУКЪАРХОЙ». Цуьнан литературни говзарш гочйина нохчийн а, Iаьрбойн а, туркойн а, италхойн а, ингалс а меттанашка. 1992-чу шарахь Акаев ИсмаIалс Москва гIалахь схьайиллинера «Исмайл» цIе йолу театр. ТIеман шерашкахь цо журналистан болх бина дуьненйукъара изданишкахь. Карарчу хенахь Акаев ИсмаIалан литературни кхолларалла шуьйра йевза вайн махкахь а, иштта цуьнан дозанал арахьа а.

ТIулг буьллуш тIулгана тIе,
Бохь боккхуш стигалан Iаьрша,
ТIоговзас тарханна тIехь
БIов йотта йолийра Нашхахь.
Шурийца датийра латта,
Буьйр тухуш кечйира маркхал.
Хичуьра ворданахь готта
Чхар-тIулгаш кхийхьира тоъал.
Боккха тIулг зIарзакъца ойуш,
Жиманиг – тIебахьаш карахь,
Оьшучохь гIо-орца кхойкхуш,
БIов йина йелира шарахь.
НеIарна тIехула, куцдеш,
«Кура тIулг» биллира шера.
ЖIоьвнаца, сенаш а нисдеш,
Хьажийра массо а кхера.
ГIат къовлуш хьовзийра кхазарш,
Пенаца нисйира товха.
Дечиган кечдира ламеш,
Кхерчан зIе тесира тховха.
Iад кхосса йитира барол,
ТIо тоха йира мершкхера,
Кор дира дIахIотто гIарол
Тергалъян мостагIийн гIера.
ТIаьххьара бIов йерзош пхьеро,
Ял шен схьаэцале хьалха,
ЦIурко-тIулг буьйгIира чхерах,
Воккхавеш биначу балхах.
//Умхаев Хьамзат//
Суьртан автор Берсаев Абдуллах
Ассаламу Iалайкум, лараме йешархой. Хазахетарца шун тидаме йалайо «Кавказан баххьаш» цIе йолчу романан аш зорбане йаларе сатийсина йолу 3-гIа том. Эрна билгалйаьккхина йац оха – автораша кхоалгIа том «Обарган новкъахь» аьллачу цIарца. Кху агIонашкахь литературни башха исбаьхьаллин маттаца гайтина мел чолхе хилла обарган некъ. Кхузахь йешархочун аьтто хир бу Кутин дахар ма-дара довза, цуьнан да-нана цхьанакхеташ, цара долийна кIоргечу, замано зийначу безаман жайна деша. КхоалгIачу томан коьрта башхалла йоьзна йу кху агIонашкахь йешархочунна йовзуьйтур йолчу хIинцалц цхьанна а йевзина йоцу Кутин дахарера шатайпа кийсагаш. Къаьсттина билгалдаккха деза мел йоккха меттиг дIалоцуш хилла цуьнан дахарехь зудчо. Кху агIонашкахь вайна хуур ду Кутин обарган некъ уггаре а хьалха цуьнан нанас къобалбина хиллий. Цуьнан Iилма а, кIоргера кхетам а бахьана долуш хууш хила Кутина нохчийн маттал совнаха Iаьрбойн а, тюркийн къаьмнийн а, иштта гуьржийн а, оьрсийн а мотт хууш хилла. Нохчаша халкълахь Воккха Хьажи олуш хиллачу Сесанара Ташу-Хьаьжин кIентан йоIа Цацас дагахь КъорIан хууш хьафиз ша хиларе терра, дукха жимчохь дуьйна бусулба динаца а, Iаьрбойн маттаца а цкъа а йовр йоцу уьйр кхоьллина хилла шен кIентан. КхоалгIачу томехь хуур ду вайна го обарган новкъа вала Кутина и некъ баьккхинарг хиллий Кутин да – Маьхьди, ткъа цо халкъана чIир оьцуш, йукъ йехкаран бахьана доьзна ду оьрсийн а, нохчийн бIешерашца лаьттачу мостагIаллица, бIешеран йохаллехь империс нохчийн къомана тIехь латтош хиллачу къизаллица, уьш охьатаIо, къарба цо лелош мел хиллачунца. Кхузахь вайна йуха а го мел доккха маьIна ду адамалла бохучу дешан, хIунда аьлча адамаллин цхьаьна а кепара дозанаш дац. Лаккхара адамалла, син-оьздангалла йолчу йаьхь йолу нах кхолламан майданехь нисбалар бахьана долуш, аьтто болу Кутин Iедалан таIзарах кIелхьарвала.