Кху аятехь Веза Сийлахьчу Дала билгалдо бусалба стаг ламазна дIахIоттале ламаз эцна хила везаш хилар, ламаз муха эца деза а. Ткъа Делан Элчано {АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна} ламаз оьцуш лело деза хIуманаш а билгалдина кху аятехь хьахийна доцу.
Лараме сан ваша, йиша! Ламаз эца а, дегIах хи кхарза а хи оьший? Муьлха хи мега, муьлханиг ца мега хаа оьший? Хи схьаэца а, чу дотта а пхегIа оьший? Муьлха пхегIа лело мега ламаз оьцуш хаа оьший? Ламаз эцале хьалха цIано муха ян еза хаа дезий? Ламаз дан лууг нажасах цIена хила везий, ткъа нажас хIун ю хаа ца деза? Бага цIанъян езий, и стенца цIанйо хаа дезий? ТIаккха сивак хIун ю хаа дезий? Адамана шен дегIа тIера чо баккха, мIара яккха, кхийолу меженаш а цIена хуьлуьйту хIуманаш хаа дезий? Ламаз муха эца деза, цуьнан фарзаш, суннаташ хаа дезий? Ламаз карара долу а, ца долу а бахьанаш хаа дезий? Муьлхачу хIуман ламаз карахь хила деза, муьлхачу хIуман ламаз карахь хила ца деза хаа дези? Зудчунна ша ламазна юкъараяьлча шена хьарам дерг а, мегаш дерг а хаа дезий? Ша ламазна юкъараяларца доьзна дерг хаа дезий цунна? Зудчо доьзал вича шена хьолехь хьарам дерг а, мегаш дерг а хаа дезий цунна? Фарз лийчарш, суннат лийчарш довза дезий? Лийчаран фарз а, суннат а хаа дезий? Хи ца хилча, тема дарх лаьцна довза дезий? Маьхьсешна тIе масхьу муха дан деза хаа дезий? Кхин а дуккха а хIуманаш хаа деза цунна.
Ахь эр ду: «Дера деза иза дерриг довза». Иза бакъ ду. Иза а, кхин дуккаха а х1ума девзар ду хьуна кху жайни т1ехь Дала мукъ лахь. Х1орш дерриш ц1еналлина юкъадог1ш ду. Цундела ду иза «ламазан дог1а», х1унда аьлча, ламаз дан лууш верг ша хила веззачу ц1еналлехь вацахь, цуьнан ламаз нийса ма ца хуьлу. Цундела ду х1ара 1илма бусалба вешина а, йишина а ч1ог1а коьрте.
Амма ц1еналлин 1илма девзаш воцучуьнгара дуккха г1алаташ хуьлу, ламазан эшам хир болуш я ламаз хира а доцуш, нагахь санна цо иза нийсачу ц1еналлица дина дацахь. Цундела ду х1ара ц1еналлийн дакъа вайна ч1ог1а коьрте.
Ц1еналлин хьокъехь дуккха а г1алаташ дуьйлу адамера. Иза царна х1ара 1илма ца довзара ду. Шайн лаамца ца дуьйлуьйту цара и г1алаташ, шайна ца хаарна дуьйлу, делахь а шайна оьшург 1амадар т1ера ца долу царна. Я хуучуьнга хаьттина а, я хьехаме ладоьг1на а, я жайна дешна а 1амадар т1ехь ду царна. Цундела, уггаре хьалха х1ара жайна яздар бахьан, вайга вешан ламазца дерг нийса хилийтархьам яздина. Вайгара лега г1алаташ аш д1адахархьам. Лекха-Сийлахь волу Дела вайна реза хилийтархьам. Х1ара жайна яздар бахьна, сайна гара нахаца дукха г1алаташ церан ламаз эцарца, ламаз дарца, царна дуккху х1ума ца хаарца царна хаадезачух.