Мимбаран нур. Хьалхара жайна - страница 11

Шрифт
Интервал


ЛАМАЗ ДИТАРАН КЪА

Фарз ламаз дитар доккха къа ду. Аллах1 ч1ог1а оьг1аз воьду фарз ламаз ца дечунна.

Дала боху къуръан чохь: «Царел т1аьхьа (дикачу нахан) цхьа т1аьхье йеара, ламаз дитира цара, шах1ваташна т1аьхьах1иттира уьш. Т1аьхьа дуьхьалкхетар бу уьш г1айян»12.


Ламаз дуьтуш нах хир бу аьлла Веза-Сийлахьчу Дала, шах1ваташна т1аьхьах1иттина хьарам белхаш лелор ду цара. Веза-Сийлахь Аллах1 ч1ог1а оьг1аз воьду цу нахана. Цундела Цо боху, цу нахана къемат дийнахь г1ойя дуьхьалакхетар йу. Г1ойя – жоьжахати чохь болу боьра бу. И боьра дукха ч1ог1а боьха хьожа йохуш, к1орге хира бу. Ламаз дуьтуш хилларш цу чохь хир бу. Ма ирча меттиг йу иза. Ма боккха эшам бу иза, ламазаш а дина ялсамане ца воьдуш, ламазаш дитина жоьжахати чу вахар. Жоьжахати чу вахча а ца вуьту иза Веза-Сийлахьчу Дала, кхин а к1оргачу боьра чу кхуссу цунна 1азапана. Аллах1а лар дойла вай цу баланах.


Тахана дуккха а нах бу ламаз ца деш. Ма доккха къа ду цара латош дерг. Амма кхин цхьа нах а бу ламаз деш а болуш, амма ламаз шен хена чуьра ара долуьйтуш. Уьш а доккха къа латош бу. Ламаз шен хена чохь дан дезаш ду. Ламаз шен хеначуьра ара далийтар доккха къа ду, цу ламазах мел а хир бац цунна, шен хеннахь ца дина дела. Амма ша ламаз шен хеначуьра ара далийтича х1умма а ца хета тарло стагана, коьртаниг ша иза дичхьана. Иза доккха г1алат ду. Ламаз хена чуьра ара далийтар хьарам ду.

Веза-Сийлахьчу Дала боху къуръан чохь: «Бала бу ламаз дечарна. Шаьш дечу ламазах терго йеш боцчу»13.


Ламаз деш хир бу уьш, делахь а, шен хеначуьра ара долуьйтуш хир бу шайн ламаз. Йа наггахь ламаз дуьтуш хир бу уьш. И деригге йукъдог1у Веза-Сийлахьчу Дала царна бала хир бу бохучунна. Ламаз шен хенахь ца динчунна йа наггахь ламаз дуьтуш хиллачунна бала хир бу эхартахь, 1азап хир ду цунна.

Ламаз дитар доккха х1ума ду, цунах доьзна ду стаг декъал хилар а, дакъаз валар а. Хьажахьа Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, бохучуьнга: «Вайний14 царний15 йуккъахь йолу ч1аг1о16 ламаз ду, иза дитиначо керстаналла дина».


Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, къаставо бусалба стаг а, кериста стаг а ламазца. Ламаз деш велахь бусалба нахах ву. Ламаз деш вацахь кериста нахах ву. Цундела, бусалба а, кериста а нахана йуккъара ч1аг1о, иза бусалба волчунна х1умма да мегаш ца хилар ч1аг1о ю Ислам дино цунна луш йолу. Кериста стагана и ч1аг1о йац Ислам дино луш, цо ламаз ца до дела, цундела цунна та1зар до Ислам дино.