Мимбаран нур. Хьалхара жайна - страница 16

Шрифт
Интервал


Альхьамду лилла́х1и роббил 1а́ламийн. Ва ссола́ту ва ссала́му 1ала росу́лилла́х1и ва 1ала а́лих1и ва асхьа́бих1и ажма1ийн вам ан таби1ах1ум биихьсанин ила́ явмиддийн. Амма ба1ду22:


Лараме бусалба нах! Ислам дин – нуьре дин ду. Ислам дино боданехь долу адам серлоне доккху. Нийсачу некъа т1е х1оттадо. Ткъа Ислам дино иза до 1илманца. Адамна 1илма 1аморца и адам хаза ирсечу дахаре кхача до Ислам дино. 1илма – Ислам динан герз ду. 1илманца бен Ислам дин д1а ца х1утту нахана йуккъехь. Цундела, Далла ч1ог1а ч1аг1дина т1едиллина вайна 1илма 1амор. 1илма девзаш хилар. Вай боданера серлоне довлийта, харцонера нийсоне довлийта, дакъазаллера декъалхиларе довлийта.

Ислам дин дале латта т1ехь бода хилла. Бода хилла бохург, нахехь 1илма ца хилла бохург ду. Адам ша х1ун лело деза а ца хууш шена луъ-луъург леладеш хилла. 1аламат дукха харцонаш, г1алаташ, зулманаш хилла. Нийса дин девзаш ца хилла. Дела вовза ма-веззара вевзаш ца хилла. Цунна 1ибадат деш ца хилла. Амма, Ислам дино иза деригге къобал ца до, цундела, Ислам дино иза деригг а д1адаьккхира. Иза деригг д1а а даьккхина, 1илма делира Дала адамана.

Дала 1илма деза лерина, 1илма девзаш верг а веза лерина. 1илма девзашверг а, 1илма ца девзашверг а цхьатерра ца лору Дала. Дала боху къуръан чохь: «Цхьатерра буй хуушберш а, ца хуушберш а? Баккъалла а, ойла йийр йу хьекъал долчара»23.


Кхузахь Далла луушдерг 1илма хуушверг а, 1илма ца хуучул а веза хилар ду. Ойла йе боху вайга Дала. 1илмана т1едерза боху вайга Дала. 1илмадерг веза ву, тоьлла ву, дика ву, нийса ву, 1илма доцучул а бохург ду иза. 1илманца бен дуьне а, эхарт а девзар дац. 1илманца бен и шиъ даккхалур а дац.

Вай кхузахь дуьйцург уггаре хьалха шарий1ат 1илма ду. Ислам дин довзар ду. Ислам динах цхьа а х1ума ца хууш ца хилар ду. Шена оьшучул Ислам динах 1илма хилар ду. Амма тахана нахана Ислам динах лаьцна цхьа а х1ума ца хаьа. Цхьа к1еззиг бу 1илманца бала берш, иза 1амош берш. Дукхачарна т1ехула х1уманаш хаьа, амма нисса, къеггина, х1ора х1ума шен-шен меттехь долуш дийца ца хаьа. Ца девза тахана нахана 1илма. Цундела дуьйцу вай х1ара, 1илмана т1аьхь сутара девр дацара теша вай? Хьехамашка ладоьг1на а, кинигаш йешна а, хьехаре ладоьг1на а 1илма 1амор дацар теша вай?

1илма ч1ог1а оьшуш ду вайна! Иза коьрта х1ума ду адамийн дахарехь. 1илмий бен кхин башхалла йац адамашна а, хьайбанашна а йуккъехь. Дера йац!