Мимбаран нур. Хьалхара жайна - страница 28

Шрифт
Интервал


1илма 1амор ялсамане боьду некъ бу. Ялсамане ваха ара ваьлла ву 1илма 1амош верг. Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла: «Миллаъ 1илма 1аморан некъа т1е валахь, Аллах1а атта бийр бу цунна цуьнца ялсамане боьду некъ».


Х1унда аьлча 1илмано дика дерг бен ца довзуьйту. Дикачунна бен т1е ца вуьгу 1илмано. Ткъа дикано ялсамане вуьгу. 1елас, Аллах1 реза хуьлда цунна, аьлла: «Бахам ахь ларабо, ткъа 1илмано хьо лараво».


Гой вайна, 1илмано вай лардеш ялсамане дуьгу, амма бахам вай ларбабезаш бу, цунах пайда эцахь вайна ялсамани хир йу, ца эцахь ялсаманах девр а ду, Дала лардойла вай вочух, галадовларх.


Дуьненахь наха вовшенца дуккха а х1уманца хьаг1 лела йо. Хьаг1 хьарам йу, делахь а, хьарамца бала берш к1езиг бу кху заманахь. Хьаг1 лелочо са туьйсу, кхечуьнгара х1ума д1а а даьлла, шена иза дисаре. Иза доккха къа ду. Хьаг1 лело мегаш хилча, ши х1ума бен хьакъ дацара хьаг1 лело. Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла: «Хьаг1 йац шина х1уманций бен. Аллах1а бахам белла стаг, иза нийсачу новкъа д1ахьажош волу. Аллах1о шена хьикмат (1илма) делла стаг, иза цуьнца кхел йеш а, д1ахьоьхуш а волуш».


Кху сийлахьчу хьадийсехь Аллах1ан Элчанан, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, луушдерг нахехь долчу х1уманах шега сатийса хьакъ долу х1ума шиъ ду, Делан некъа т1ехь дойуш долу рицкъий, 1елам стаго хьоьху 1илмий. Кхин цхьа а х1ума хьакъ дац нах шех хьега, сатийса. И нийса кхетам тахана нахехь белхьара вайн хьал гуттара кхечу кепара хир дара. Амма адмана тахана оьшуш бац и нийса кхетам, вайна гуш ма дай иза-м, цунделла умматан хьал а иштта ду-кх, вайна гуш ма-хиллара.


1илма 1амор, иза кхечунна д1акхачор йоккха йал хуьлуш х1ума ду. Цу т1ехь сутара хила веза бусалба стаг. Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла: «Хазахетар дойла Аллах1а къонахчунна сан къамел хезина, иза 1амадина, иза д1акхачийнарг шена ма хаззар».


Ма доккха до1а ду иза бусалба дин хьоьхучунна. Кхечуьнга иза д1акхачочунна. Аллах1ан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, хьоьху вайна бусалба дин д1акхачор, даржадар. Вай иза дарна вайна до1а дина цо, ткъа цхьа а шеко йац Аллах1а цуьнан до1анна жоп лург хилар, бусалба дин даржочунна и до1а хирг хилар. Дала царех дойла вай.


Лараме бусалба нах! Маьждигехь къуръан 1амадо олуш хезний шуна? Шеко йац, хезна шуна иза дуккха а. Делахь а, дуккха а нах маьждиге ца оьху, къуръан 1амада. Царна хаахьарий шайна хуьлуш болу эшам, шеко йоцуш лелар бара уьш маьждиге къуръан 1амо. Ма йоккха ял йу хаьий хьуна маьждиге лелар, къуръан йа кхин долу 1илма 1амадан. Ладог1ийша кху хазачу хьадийсе а, дийцаре а.