Мимбаран нур. Хьалхара жайна - страница 8

Шрифт
Интервал


2-Уггаре а ирсе стаг хуьлу ламаз деш верг, х1унда аьлча, дан ма деззара ламаз деш волчунна Делах кхерар т1ех са долу дела.

3-Лайно шен баланаш Аллах1е белха бо. Ткъа цунна уггаре дика хан ламаз хан йу, ламазехь сужудехь лайно Аллах1е шен баланаш белхабар дика ду.

4-Ламазо г1о до халонах чекхвала. Цундела Дала къуръан чохь аьлла: «Аша г1о лаца собарца а, ламазца а». Ламазца г1о лацар хуьлу, ламаз шен хенахь дар, цунна эшам ца беш кхоччуш дар.

ЛАМАЗАХ ЛАЬЦНА ДЕШНАШ

1—1адий бин Хьа́тимас, Дала къинхетам бойла цунах, аьлла: «Ламазан хан ма ца хилла, со цуьнга сатесна волуш бен».


2-Ибн Мусаййабас, Дала къинхетам бойла цунах аьлла: «Джама1ат ламаз ца дисина сан т1аьхьарчу шовзткъа шарахь».


3-Ма́лика, Дала къинхетам бойла цунах, аьлла: «1убайдулла́х1а ламаз дах дора, цхьанний дуьхьа дац а ца дора».


4-Му1а́з бин Жабалас, Дела реза хуьлда цунна, шен к1анте аьлла: «Айхьа т1аьххьара ламаз деш санна диэ ламаз, хьуна ма мотта ахьа иза кхин а дийра ду. Х1ай сан к1ант, хьуна хоийла, муъмин стаг шина диканна йуккъехь ле хьуна, цо диначу диканний, цо ца деш т1аьхьатеттиначу диканний йуккъехь».


5-Фудайлан к1анта 1алис, Дала къинхетам бойла цу шиннах, аьлла: «Суфъян Саврий сужудехь гира суна хьажийн ц1ийнан уллехь, ткъа аса ворх1 гуо баьккхира цо шен корта (сужудера) хьалаайбале».


Хьажахь лараме бусалба ваша, йиша, мел ч1ог1а дезаш хилла царна ламаз. Мел марзо оьцуш хилла цара ламазах. Цуьнга сатуьйсуш, иза деха деш, цунах д1ахада ца лууш. Иштта вай а хир дацара теша. Царех тера хила ма дезара вай а. Баккъалла а, вешан ламаз т1ехь ойла йан йезара вай. Вешан ламаз нийса, хаза, дика, парг1ата дан дезара вай. Т1аккха цунах вайна хила беза пайданаш схьаоьцур бара вай. Дала вайна пайдана бен т1едиллина ма дац ламаз. Шена вай герга дахкийта, Шеца вайн з1е ч1ог1а хилийта, вайн ийман тадалийта, вай Шех кхерийта, вайна къемата де диц ца далийта, кхин а дуккха а пайданашна т1едиллина вайна ламаз. Ахь ойла йахь и пайданаш билгалла бевр бу хьуна.

ЛАМАЗЕХЬ ДО1 ДАР

Лараме бусалба ваша, йиша, хьан дуккха а нисдалаза г1уллакхаш ду, хьоьгахь баланаш бу, халонаш йу, ткъа и деригге а д1адаларан бахьана ахьа до1а дар ду. Къаьсттина ламазехь сужудехь до1 дар гуттар ч1ог1а ду, Делера жоп хилар гуттар герга ду. Делан Элчано, Аллах1ера салават а, салам а хуьлда цунна, аьлла: