Пхьармат.
Кхана сан дахар ду дицдалан мегаш,
Йицялан мегаш ю кхана сан ц1е.
К1еда ду цхьадолчу адамийн дегнаш,
Диц до-кха адмаша кхоьлина де.
Амма сан дагчуьра ц1е хира ю кхерчахь,
Адмашна йовхо луш, къинхетам беш!
Села. (Къевкъачу стигланашна юккъехула, детташ гуш стелахаьштигаш)
Турпалчу хьан деган бо аса ларам,
Амма ахьа сан дешан лахбина мах.
Аса делла та1зар ду, ца лоруш барам
Дог майра ва Пхьармат, хьо лолахь ч1аг1!
Хан-замана йохалле хьоьжур хьо къонах,
Шело хьайх хьерчаеш – къизалла ловш!
Лайн чимаш дарц хилла хьийзара ду гонах,
Йовхонех хьегадеш хьан довха дог!
Сан бала хьайн кийрахь хьуна хаийта,
Сан лазам кест-кестта дага-баийта,
Т1ам шуьйра и аьрзу кхочур ду хьуна,
З1ок ира и аьрзу тебара ду хьуна,
Хьан дег1ах ирйийр ю цо ира з1ок!
Аса хир ду ва аьлларг, хилан ма деза!
Аса хир дац ва аьлларг, хира ма дац!
(Стигалаш а къевкъаш, селахаьштигаш а детташ чекхдолу сурт)
II сурт.
(Сцени т1ехьа лаьмнашна, хьаннашна юккъехь жима ламанхойн юрт, юьртана йисттехь маса хьаьдда доьдуш хи. Хин йистехь к1удалашца мехкарийн тоба, царна юккъехь Зезаг. Хин йистте, мехкаршна гена воццуш, т1евог1уш шиъ жима стаг, Куьйрий,Лечий)
Зезаг.
Мехкарий, хьовсийша и сийна лаьмнаш
Бос лепаш ц1ена ду Башламана чохь.
И шура ва санна ло лепа баххьаш
Мархашца луьйчуш ду цу стиглана чохь.
Амма шу тешдолуш туьйхира хаьштиг,
Къевкъира стигал а к1айн мархана чохь!
Х1ун балехь ю техьа и лаьмнийн б1аьштиг?
Тамашена х1умнаш ду-кх кху дуьнена чохь!
1-йо1. (Йоьлучуьра ца сацалуш, шен жималлех, хазаллех самукъадуьйлуш, кегийрачу нахе а хьожуш)
Стиглара йоссахьа, сан йиша, Зезаг,
Яха-хьа кхоьлина ойланаш д1а!
1аламо кхайкхош бу дуьненна безам,
Ойланашкара эккхадехьа и шийла 1а!
Хи хьоьстуш и сирла тулг1енаш керча,
Хьуьнйисттехь зарзар а хаза декаш ду!
Мехкарийн ойланаш безамех хьерча,
Дуьненна йовхо луш дашо малх бу!
2-йо1. (Куьйрига,Лечига а хьожуш)
Мехкарий, и ши к1ант хьена ву теша?
Муьлхачу йо1ана теба и шиъ?
3-йо1.
Куьйра-ма Зезагна тебаш ву тешна!
Шолг1аниг ца къаьста, мила ву и?
(Куьйрий, Лечий мехкаршна юххе кхочу, и шиъ забарш еш воьлуш, самукъне а ву.)
Леча.
Суьйре дика хуьлда шун, мехкарийн тоба!
Цу ломана зезагийн бос лепа шун!
Шу гаре сатуьйсуш кхачийна собар.
Б1аьрг серла болу-кха шу сайна гуш.
Цу к1ентийн ойланаш шу долчу хьийза.
Шул хаза дуьненахь х1умма а дац!
Дог-ойла шу долучохь ма ч1ог1а ц1ийза