Мохьмад а, цуьнан мостагl lаьржа-lимран а. - страница 2

Шрифт
Интервал


Иштта шен ши ваша новкъавоккхучу хенахь, Халида элира:

– Шуьшиъ ц1а валлалц, со хьожар ву даде а, нене а.

– Дика ду, Халид. Накъост хилалахь царна. Тхо дукха ца 1аш, ц1а дахка хьовсур ду хьуна…

… Боьдуш кхечира уьш уллерчу йуьрта. Оцу йуьртахь садоlура ду шаьш аьлла, барт хилира шина вешин. Йуьрта йуккъехула воьдуш дуьхьала цхьа йоккха стаг кхийтира царна. Йоккхачу стаге вистхилира Мохьмад:

– Де дика хуьлда хьан, Йоккха стаг.

– Далла везийла, дукха вехийла! Шу стенгара ду? Суна хьалха кхузахь гина дац шу.

– Тхо уллерчу йуьртара ду, диъ шо хьалха lаьржа-lимрана йохийна йолу. Хlинца и lаьржа-lимран лоьхуш лелара тхо. Йоккха стаг, хьуна ца хаьа иза стенгахь ву, йа вуьйцуш ца хезна хьуна?

– Аш хало лайний тхуна хиира. Шу йуьртахой чlогlа майралла йолуш бу. Йурт йохийна, амма дика ду дlа ца йелла. lаьржа-lимранний? Хезна. Цунна тlекхача чlогlа хала ду, иза лацалур волуш стаг вац. Тахана иза цхьанхьа ву, кхана – кхечанхьа ву, кхоалгlачу дийнахь – вукхунхьа ву. Б1арлаг1а санна лелаш ву иза, амма ша вуй-м хоуьйту цо.