– «К1о-к1о-к1о?» – кхузахь хилларг х1ун ду, вайн жима стаг, 1аржаниг х1усамнанна т1ехьа лечкъина х1унда лаьтта техьа, аьлла хаттар дира хьалха яьлла йог1учу к1айн т1емаш долчу котамо.
– «К1а-к1а-к1а-а!» ца хаа делахь, х1инцалца-м жима вацахь а ч1ог1а каден лелаш вара х1ара вайн стаг, олуш жоп делира улло г1уртуш вукху котамаша т1аьхьий, хьалхий.
– «К1о-к1о-к1о», – х1инца-м зудчуьна кучана т1ехьа а лечкъина 1аш ма ву х1ара вайн стаг, элира улло а хуьлуш, шен хаза ц1ен т1илдаг йолу к1айн корта аг1ора а боккхуш леррина хьаьжира вукхарах ондочу дег1аца къаьсташ йолу котам.
– «К1о-к1о-к1о-к1о-о!» – реза ца хилар гойтура кхин йолчу а котамаша, ша-ша лечкъина йоллучу 1аьржачуьнга хьажа а г1ерташ.
Ц1аьххьана к1айниг котамо шен хаза корта даима а санна коча раз а боккхуш д1ахьажийра ц1ен бос болчу, ша къона елахь а, онда дег1 долчу н1аьнийга. Ц1ениг-м яцара шен мостаг1ий бен х1ума а гучохь. Амма к1айниг-м яцара иштта атта шена дагадеънирг дуьтур долуш. Шершина улло яхара и ц1ечунна, бацалахь з1ок тохан х1ума лоху кеп х1оттош гонаха йолаелира и «к1о-к1о-к1о!» – олуш эшара мукъам а балош т1аьхьа.
Ц1ениг-м яцара цхьа а х1ума тергал дечохь а, оьг1азлой, даръяларий вовшаха хьаьрчина б1аьргаша сийна суйнаш д1асатуь1ситура цуьнан.
– «К1о-к1о-к1о-о-о!» – бецана юккъерчу зезагаца ирх кхоьссинчу зезагах къаьстина, зезаган г1а х1аваэхь хьаьвзиш го баьккхина ц1енчунна хьалхахь полла санна хьаьвзира.
Шена уллохь бецаш кхийса ваьхьарг мила ву, аьлла ира б1аьрг т1ебуьйг1ира ц1ен н1аьно котамна. Амма к1айн котаман хаза т1илдаг гича серла белира буьрса б1аьрг. Шадолу дуьне а дицдина котамна улло яхара ц1ениг. Кестта бацалахь шена сиха карийна кхалла чамчалхаг котамна кховдийра цо. Сиха дицделира жималло ловзош долчу н1аьнин дагна шен оьг1аза яхна хилар. Го бира бес-бесарчу кучамийн басахь мас йолчу кхин фолчу а котамаша. Хабаре делира церан вовшаха кхетар, вовшен довзар. «К1о-к1о-к1о-к1о! К1а-к1а-к1а-к1а!» – беларца самукъадаларца т1еоьцура котамаша х1ора дош а, къоначу н1аьно олуш долу. Йоккхачу кертахула д1асабаьржира уьш, ша-ша ц1ечу н1аьнина гайта г1ертара зударийн кучамаш санна бес-бесара мас йолу котамаш. Самукъа-м ц1ечу н1аьнин а даьллера керлачу довзарех. Уьйт1ахь беккъа ц1ена бай бен ца буьсуш ясъелча а уьйчохь х1усамин нанна т1ехьа хьулъелла 1ийриг йисира ша йоллучохь 1ен. Хусамнана а лаьттира хиллачух ца кхеташ санна. Жимма хан яьлча, ц1ечунна геннара куьйг нийсдина т1ара а гойтуш, ша лаьттачохь ког а тоьхна кхин уьйченан ламех чуйосса ца яьхьина, чу яхара и.