1алха-астронавт - страница 2

Шрифт
Интервал


Суьйре-Корта гу т1ера охьанехьа дехкина бошмашна, хьунна юккъехь г1ашлелан бен некъаш дацара. Оцу некъах шен роботвилспетаца х1ара хьакхалуш вацахь а, сиха вахар ца хуьлура 1алхин. Ткъа роботвилспет дитташна т1ехула парг1атчу х1аваэхула айбина лелан магош дацара. Х1аваэхула дитташна т1ехула лелан бакъо йолуш роботомобилаш бен яцара. Х1аваэхь роботвилспеташ хааелчи х1аваъларош болчу леррина инспекторша транспорт д1айоккхура. Т1ехула т1е штраф а тухура ден, ненан д1атакхан дезаш. Амма 1алха а вацара тахана, к1ирана т1еххьарчу дийнахь, т1ехьависан йиш йолуш. Цундела Т1аусана т1аьхьакхиан 1алхас х1илла х1оттийра. Иза дитташна т1ехула хьала гучу а ца волуш диттийн буьххьаш лоргуш санна воьдура шен роботвилспет лаьллина. Массийттаза шен голографсибат хьажийра 1алхас доттаг1чунна шен голографона чухула, амма Т1ауса дегбаъам бинчух тера дара. Делахь а х1иллане Т1ауса шен голографон д1а ца яйъинера, сигналаца доттаг1чунна ша стенгахь ву хаийта. 1алхин роботвилспет цхьана хенахь хааелира х1аваан инспекторшна. Уьш буьйлира шайн сихачу роботомобилашца к1ант схьалацан, амма 1алха дитташна юккъехь хьулвелла к1елхьара велира. Кхин а дикка хьийзира х1аваъан инспектораш диттийн баххаьшна т1ехула к1ант лоьхуш. 1алха кхин гучу ца велира дитташна т1ехула, иза-м х1инцале а т1ехьакхиънера Т1аусана.