IАНДАРКЪА (забаре дийцар) - страница 3

Шрифт
Интервал


Шен хеннахь, сатосуш малхо анайист ц1енйеш хьалаг1оьртича, арабевлла базарахь шайн г1уллакх чекхдаьккхина ц1ехьа бирзина ворданашкахь, говрашкахь, варрашна т1ехь, г1аш бердах чувуллучу кхаьчна дуьхьала бог1ура, шаверг бохург санна, жима а воккха а, ц1е яккхан йиш йоцучу к1отаран бахархой. Бердаха болучу некъах хьалаваьлла дег1 нисдина 1андаркъий, к1отархой вовшен дуьхь-дуьхьала нисбелла цкъан а вовшен ца гича санна делахь а, «делахь, вай-м вовшен ца гинехь а ма х1ума а дацара» – аьлча санна делахь а, дикка хенахь лаьттира буог1абелла. К1отаройн бехачу мог1ана т1аьххьарниш, хьалхарниш сенна севцина техьа, аьлла хьоьжуш соцунг1а хилла бисинера. Эххар а к1отархойн бехачу мог1ана юьхьиг шена кхин х1ума а ца гича санна бердах чухьаьвзинчу некъах чубуьйлабелира. Бисина к1отархо1н мог1а а текхарган деха дег1 санна т1аьхьа г1оьртира. 1андаркъин-м хьекъал тоьира шен к1айн вирана т1ехьа валан. Амма корта къевлабаларх, 1аьржа хьийзина чоьшна юккъера, виран когашна юккъаха к1айн лепа, настарш-м шаьш гучуюьйлура. Баккхийра к1оратхой-м шайна ца гун кеп х1оттош д1абоьлхура, амма кегийн берийн иза дан хьекъал ца тоьура:

– Довлет! – ша санна жимчу к1антан белш хьаеш, гойтура пхи-ялх шо хир долчу вордана чохь шеца 1аш волчу к1анте.

– Х1у йоха ахь? – ламаройн 1едалехь хоьттура Довлета.