Тахана кхоалг1а 1уьйре яра воккхачу стага Т1елхигас х1ара ков схьадоьллу т1улгех г1ортангаш а еш. Соцунг1а а хилла ойлане хьаьжира Т1елхаг хаза нисдеш аннех дина кевне, т1аккха кет1ахула а кертах а шорделла, стамделла ирахдаханчу таьллашка, кхор-1еже, доккхачу комарийн дитте. Цхьаъ бен воцу к1ант Адам когбаккха волалуш Т1елхагас доьг1на дара оцу диттий синтараш. Адамица цхьана айлуш, стамлуш схьадаьхкинера дитташ а.
Бера-кера х1ума ца хуьлуш дикка хан текхнера Т1елхагас шен х1усамненаца Бикатуца. Амма Делан къинхетам хьалха а баьлла к1ант Адам хилира кхеран х1усамехь. Куьйг сацор х1ун ду ца хууш къахьоьгура хан т1ехиккхина волчу Т1елхигас. Юьртахь цхьаннийн а доцучу кепара доккха ц1ено а, юххехула т1ехбовлучу наха «эхх1ай, ма хаза ду-кх!» – олуш аннех дина ков-керт а д1ах1оттийра цо. Адам а вара ч1ог1а куц-кеп долуш, безамехьа кхиина жима стаг. Шен дена а т1ехула хьоьжуш зоьртала дег1е ваьллера к1ант. Т1елхигас цхьана х1уманах кхоьруш санна сихвелла Адамна нускал далош, ерриген а юрт екош, самукъане ловзар х1оьттинера х1окху, х1инца сингаттамен байлахь йисина лаьттачу кертахь. Ма йоккха, еза ю-кх хьо Делан къайле! Нускал далийна ах шо а далале ден а бахьана доцуш шина-кхаа дийнахь цомгуш а 1иллина кхелхира ден цхьаъ бен воцу жима стаг Адам. Жима зуда Зараъ 1адийча санна йисинера, х1инц-х1инца бераха кхетта язъелла яра иза. Нана Бикату-м ц1еххьана къанъелла тишъелла д1аяьллера. Нахаца леладан дезаш долу г1иллакх бахьана лелара нус а, нана а т1аьххьара ницкъа гулбина 1индаг1аш санна.
«Эш-шша-х1!» – аьлла шен дукъделла са парг1ата доккхуш халла къурд а бина кертахьа д1аволавелира Т1елхаг.
Нахачулла а жимма айдеш шуьйра динчу раг1у к1елахь могг1ара лаьтташ деха дийнна аннех дина г1анташ дара, царнна т1етесина кузаш а, палсаш а дара. Тезетана сингаттамен дог 1овжош бина кечам бара иза.