Читать Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман - ИсмаIал Акаев

Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман

На данной странице вы можете читать онлайн книгу "Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман" автора ИсмаIал Акаев. Общий объем текста составляет эквивалент 300 бумажных страниц. Произведение многоплановое и затрагивает разнообразные темы, однако его жанр наиболее вероятно можно определить как современная русская литература. Книга была добавлена в библиотеку 09.08.2023, и с этой даты любой желающий может удобно читать ее без регистрации. Наша читалка адаптирована под разные размеры экранов, поэтому текст будет одинаково хорошо смотреться и на маленьком дисплее телефона, и на огромном телевизоре.

Краткое описание

Безам, Даймахкана хьалха долу декхара, сий, Iадат, адамалла – ишта бу кху романан коьрта чулацам. Нохчийн тIамах лаьцна бакъ долу жайна ала мегар ду кхуьнах, хIунда аьлча книгин агIонаш тIехь автора нийсачу хаамашна тIе а тевжаш, йовзуьйту хIетахь нохчийн къомана тIехь латтийна хилла къизалла а, цу къомо гайтина йист йоцу доьналла а. Роман зорбане яьлла оьрсийн а, нохчийн а, ингалс а меттанашкахь.

Книга Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман онлайн бесплатно


Переводчик Янина Дикаева

Иллюстратор Изнаур Акаев


© ИсмаIал Акаев, 2022

© Янина Дикаева, перевод, 2022

© Изнаур Акаев, иллюстрации, 2022


ISBN 978-5-0055-6573-0

Создано в интеллектуальной издательской системе Ridero

ДАХАРАН ТУЬХА

Перевод Комп*они «Перо – Дош ДикА»

ЗIе: chinhoisma@gmail.com

+7928 890 43 41

Кхаа декъехь исторически роман


Соьлжа-ГIалина лерина а, иштта сан да-нана Наурдин а, Тагибат а, оьрсийн-нохчийн  шина тIамехь бехк боцуш эгна адамаш а дагалоцуш…

Бакъдерг – тIеман хьалхара мостагI

ДЕШХЬАЛХЕ

ЙАХАНЧУ ЗАМАНАН МОХЬ

(«Дахаран туьха» романах лаьцна литературни-философски ойла)

Оьрсийн сийлахь воккхачу йаздархочо Толстой Николайс аьлла: «Дийцарах лаьцна йеш йолу ойла иза бакъдолчунна а, кхоьллина хIуманна а йукъара доза ду, тамашийна кепара стеган кхетаме а долий, бIешерашца тидаза дуьссуш долу…»

Ткъа мичахь ду нохчийн журналистан а, йаздархочун а Акаев ИсмаIалан романехь и доза?

«Са хуьлуш дара. Йурт меллаша набарха йолура». Ишта Лермонтовн хатIехь йолалуш йу йешархо адамийн шатайпа дуьнене вуьгуш йолу хIара роман.

Дахаран массо а агIо йовза хьогах долу вай, ваьшца латточу хьере къиссаме довлу. И къиссам чIогIа дика гайтина кху романехь.

Автор кхета йешархошна хьалха шен йолчу жоьпаллех, цундела иза кхетаман уггаре а кIоргечу къайленашка кхийда.

Романехь дукха дуьйцу дахар къобалден некъашах лаьцна. Шеко йоцуш дахар – иза стеган уггаре а йоккха мехала йу. Дуьненан лехамашкахь цу дахаран боккъалла а мах хадо вайна ца хаьа а, йа вай дицлой дуьссу. Дахаран ши агIо йу – бакъдерг а, харцдерг а. И шиъ цкъа а кхачалур йолуш йац, цара цкъа а паргIат ца вуьту цабезамо а, оьгIазлоно а хьерваьккхина волу стаг.

Цундела хир ву-кх романан коьрта турпалхо ИбрахIим ишта хьогах ша адамийн дахаран хьост лору бакъдерг довза.

Мел дукха ирча, декъаза кхолламаш бу цунна уллохь, мел доьхна, даьржина ду иза веха дуьне.

Иза цхьалха ву. Амма мухха делахь а иза дийна ву, цо сацийна бац кху дуьненчуьра шен лехамаш. ЧIир эца лаам беха романан турпалхойн дегнашкахь, амма цуьнца нийсса къинхетамах буьзна бу церан кийра. Автора ма-йарра йовзуьйту нохчийн Iадатан кIоргенаш – мел деза лоруш хилла нохчаша адамийн дахар. Кху говзарехь ешархошна девзар ду мел доккха маьIна долуш хилла нохчийн къомана чIир эцар а, чIир йитар а. Цуьнан мехаллех лаьцна автора дуьйцу сийлахь дезачу КъорIанна тIе а тевжаш.


Читайте также
Примечания автора: Книга ломает каноны, мозг, печень и отпугивает рептилоидов. А ещё читать её на г...
Я воскрес. Не по воле могущественных сущностей, не ради великой цели. Воскрес потому, что одному невезучему мальчишке-вампиру приспичило стать сильн...
Герои рассказов Елены Нимчук – обычные люди, действующие в необычных обстоятельствах. Роковые повороты судьбы, интриги и необходимость принимать непро...
Роман «Другая жизнь» – это современная сказка для взрослых, которые хотели бы обрести свой особенный мир. Главные герои книги пускаются в путешествие...
Кху книгехь шуна карор ду Нохчийчоьнан йозуш ца хиларан бакъ йолчу историх лаьцна, 1991-чу шеран гурахь дуйна карарчу замане кхаччалц.Книгин хьалхарчу...
Йешархойн тидаме йалийна «Кавказан баххьаш» романан III-гIа том. Кху романехь дуьйцу XIX бIешеран чаккхенехь а, XX бIешеран йуьххьехь а хиллачу бакъ б...