Малх лацар. (Берашна дийцар)
("Стела1ад" журналехь арадаьлла)
Гобаьккхина лаьттачу лаьмнашна юккъехь 1уьллуш яра цхьа жима юрт. 1уьренца лекхачу ломана т1ехьара къежаш гучу а болий стигаланан лакхене болура дашон малх. Ткъа суьйренга г1оьртича, стиглара охьалахлой, ломана дукъна т1ехиича санна соцунг1а а хуьлий, т1аккха буьйсана сада1ан д1акъайлаболура хаза малх.
Эвлайисттехь, юьртан бажа ц1абог1учу хенахь шайн-шайн бежнашна наноша дуьхьала ваийтина ялх шераш хир долуш кхоъ к1ант вара. Уьш-м цхьа х1ума къуьйсуш бохкура гуо а бина, гена боццуш ц1абог1у бажа а ца гуш. Чубузун ц1ийбеллачу малхе куьг а луьйцуш сихвелла жимачу Халидас бохура:
–Тхан ненан муьша галина чу-м дера хуура бара иза.
–Вайга кхаанге хьала ма айбалура бу иза, – т1етайра, дег1ана накъостел ондо волу Сайхан.
Ткъа кхаанех массарел а лоха а горга а волу Ризван цкъа цхьанге хьожуш, т1аккха вукхуьнга хьожуш, ша х1ун аьлча нийса хир ду ца хууш лаьттара. Амма накъосташа х1уъу а дахь, царна т1аьхьах1отта кийча-м вара иза а.
– Етт-эсий нанига 1алашдайта керта а лаьллина со ведда схьавог1у делахь. Тхайн доккха муьша гали а дахьа аса сайца, – элира Халидас, юххе кхаьчна бог1уш бажа а гина. Иза а аьлла ша д1ахьаьдда воьдушшехь накъосташка мохь туьйхира цо:
– Кхуззахь вовшаха кхетара ду вай, малх ломана дукъна т1е охьалахбалале!
Кхоъ к1ант сихвелира бажана юккъера шайн-шайн бежане б1аьрг тохан, уьш тила а делла кхечанхьа д1а ца дахийта.
Малх а бара к1енташца къовсаме баьлча санна сихбелла ломана т1е охьахаан г1ерташ. Юьртана йисттехула декаш дог1учу шовда санна сирлачу татолана дехьа а иккхина бешана юккъе тилира кхо к1ант дукха хан ялале. Иштта нийсса ах некъ бацбора цара шайна, малх т1ехаан сихбеллачу лома боьдучу некъана т1екхача.
–Аша шимма маьштин гали бухалаьцчахьана аса теттина чукхуссур бу шуна – сихваларна хедачу озаца алан кхиира Халид.
Амма оцу минотехь к1енташна гира 1ожан диттана т1ехьара схьаваьлча санна ц1аьххьана гучуваьлла стоьмийн беш ларош волу хехо, воккъха стаг Садо. Кхо к1ант 1ежийн беша волуш нислора наггахь, хехочуьна б1аьрг т1ера тилича. Бераша доккха зе ца дора бешана, амма, Садос генара г1аж ойбура бераш къахкош. Бераш-м д1адовдура сихонца, и г1аж шайна кхетта яьлла тарлой.