1 б1аьргана ца гинарг ду, лергана ца хезнарг ду, я адамана цкъа́ а дага ца деанарг ду2.
Дала хаза кхоьллина ялсамани. Дала ялсаманин куьцех лаьцна дийцина, вайн ялсманица йолу шовкъа ч1ог1а хилийтархьама.
Дала Ша ялсамани муха кхоьллина дукха ч1ог1а юьйцуш, цул сов иза вай муха яккха еза билгал а деш Шен аг1о кхочушйина. Везачу Дала Къуръан боху чохь:
«Делах кхийринчарна хир ю аьллачу ялсаманин масал ду: цуьнан г1аланашна а, бошмашна а бухахула татолаш ду лелаш, цу чуьра даар а, цуьнан3 1индаг1 а даима хир ду4».
Амма ялсамани йоккхуш цуьнан дуьхьа къахьоьгуш вешан аг1о кхочушъяр вайна т1ехь ду. Ткъа вай ялсаманина т1едуьгу некъ цхьаъ бу – иза Далла 1амал яр бу. Далла 1амал яр ду вай лело деза бахьана.
Дала боху Къуръан чохь:
«Цаьрга5 малийкаша кхайкхам бийр бу: х1ара ю и ялсамани,….. (дуьненахь) шуна хир ю баьхна йолу, аш йинчу 1амална дуьхьал6».
Нах ялсамани чубахча, малийкаш дуьхьал девр ду царна цаьрга салам луш, цаьрга ялсаманица кхаьънаш дохуш. Ахь тидам бинехь, цара эра ду: «Аш йинчу 1амална дуьхьал», цо гойту вайна, ялсамани 1амалца йоккхуш хилар. Цундела, ялсаманин ох1лунах хьо хила лууш велахь, 1амал хила еза хьан. И ду ахь ялсаманин дуьхьа лело деза бахьанаш.
Х1ора х1уманан ша-кепара мах хуьлу. Ткъа ялсаманин мах вайна билгал баьккхина Делан элчано (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна), цо аьлла: «Ладог1алаш, Аллах1а юхкуш ерг еза ю шуна, Аллах1а юхкуш ерг ялсамани ю шуна7».
Пайхамара (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) хоуьйту вайна Аллах1а ялсамани юхкуш хилар, иза вай Цуьнгара эца езаш хилар, ялсмани мах д1абаларца.
Ткъа ахь мел мах хадийна хьайна езаш йолчу ялсаманин?
Мел бу ахь ялсаманих луш болу мах?
Хьуна ялсамани мел езаре хьаьжжина хир бу цуьнан дуьхьа ахь луш болу мах, хьан цуьнга йолчу шовкъе хьаьжжина хир ду ялсамани дуьхьа ахьа хьоьгу къа. Ялсамани яккха хьоьгуш долу къа – и бу-кх ахь х1оттийна мах.
Цундела, ваьшна ялсамани мел ч1ог1а оьшу хаа деза вайна. Мел дукха дуьненахь дахахь а, даима а хир долчу эхарте д1адаха деза вай. Ткъа эхартахь ши ц1а бен дац: ялсамани (Дала лойла вайна иза), жоьжахати (Дала лардойла вай цунах). Ткъа вай цу шиннах цхьанна чу даха дезаш ду. Вай кху дуьненахь дуьсур ца хилча, эхарте д1адаха дезаш хилча, эхартан мелла а сов ойла ян ца еза вай? Цундела, вай кху дуьненахь ца дуьсуш эхарте д1адаха (кхача) дезаш хилча, цуьнан ойла мелла а сов ян ца еза вай?