Ялсаманин мах. Ялсамани езарх нийса кхетам - страница 3

Шрифт
Интервал



Ялсамани кхачархьама къахьега ца деза вай т1аккха?


Кху дуьненахь ма хьоьгу вай къа, х1ара дуьне даккха г1ерташ. Дуьненахь вехаш волчу стага дуьне лаха дезаш ду бах бусалбачу дино. Дуьне дита ца боху шарий1ато. Эхартан дуьхьа а къахьега боху Дала вайга, дуьненан мах д1абаларе терра ялсаманин мах а д1ало боху.


Цундела айхьа ялсаманин дуьхьа луш болу мах мел бу хьажа. Хьо мел сов ваьлла хьажа мелехь йолчу 1амалехь? Къуръан деша х1унда ца 1амадо ахь? Суннат 1амалш х1унда ца ларйо ахь? Баттахь цхаъ кхаьбна а мелана марха х1унда ца кхобу ахь? Къезиг х1ума делла а, сих-сиха саг1а дала х1унда ца хьожу хьо? Цхьана дашца аьлча, айха ялсманина х1оттийна мах мел бу ойла е?

Ойла е, ойла е…

ВАЙЛ ХЬАЛХА БАЬХНАЧАРА ЯЛСАМАНИГА САТИЙСАР

Олуш ду: «Стеган мах цуьнан къамелаца ца хадош, цуьнан леларца хадабе».


Ткъа иза нийса а ду. Къамел хьаьнгга а дало, хала дац иза, амма лело дезарг хьаьнга а ца лелало. Леларо гойту стеган даг чохь дерг. Тахана вай массара а олу «ялсамани еза суна», амма цуьнан дуьхьа къахьегар г1ийла ду вайн.


Вайл хьалха баьхначарна ялсамани муха езаш хилла хьовсур ду вай, т1аккха царна а, вайна а юкъахь йолу башхаллаш евзар ю вайн.


Вайн пайхамаран (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) цхьа сохьабий вара Робий1а бин Ка1б Аль-Асламий ц1е йолуш. Иза жима стаг вара. Пайхамарна (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) г1уллакх деш, цунна улле ваьлла лелаш вара иза. Цо дуьйцу: «Пайхамар (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) волчехь буьйса йоккхуш вара со. Буьйсанна цунна ламаз эца хи дохьура ас, цуьнан хьаште хьожура со. Цо элира соьга: «Деха соьга хьайна дезарг». Аса жоп делира цунна: «Аса хьоьга доьху ялсамани чохь хьуна уллехь хилар». Пайхамара (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) элира: «Кхидерг деха». Аса элира: «Иза доьху ас». Т1аккха пайхамара (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) элира: «Т1аккха ахь суна г1о де дуккха а сужданаш деш