ХЬИЖАБ 1ИБАДАТ ДУ - страница 3

Шрифт
Интервал


<<(Дала) шуна хьарам бина шун наной (бала ба)1>>»


– Гергара цхьаъ д1аваьлча, цо т1ехь битинчу бахамах зудчун а, беран а луш ца хилла. Иза а Дала хьарам дина д1адаьккхира. Дала билгал дира зудчун а, беран а дог1у ирсан2 дакъа, иза царна д1адалар т1еа диллира нахан. Дала боху къуръан чохь:

<<Дас нанас а, уллера гергарчара а т1ехьдитинчух ирс дог1у божаршна а, иштта зударшна а, т1ехьдитнарг къезиг далахь а, я дукх далахьа а, фарз хьакъ ду иза (х1оранне)>>3»


– Бусулба дин далле стаго шен зуда шена маьл лаьа юьтуша а хилла, юх ялош а хилла. Цундела, зуда цу стагах маьрша яьлла д1аяха йиш йолуш ца хилла.

Амма бусалба дино зуда кхузза йита бен ца магийра. Кхузза йитинчул т1ехьа зуда стега долара йолуш хилар билгалла дира къуръан чохь. Иза зудчух къинхетам беш, цуьнан хьакъ лар дар дара.


Иштта Дала зудчуьн т1ера зулам д1аойбуш, зудчуьнца дина 1уналла ду х1ара Шен сийлахьчу шарий1атехь. Къемат де даллац хир долуш ду и 1уналла зударшна. Йоккха башхалла го вайна бусулба дино зудчун беш болучу лараманни, адамо юкъа дехначу низамаш зудчунна беш болучу лараманни юккъахь.


Цундела, зудчуьн ларам барх а, цуьнан 1унал дарх а ду Дала цунна т1е фарз дина хьижаб т1едиллар.

БУСАЛБА ДИНО ЗУДЧУЬН

ХАДИНА ЛАКХАРА МАХ

Дала Шен 1унал ца деш цхьа́ а х1ума дитина дац, къаьстана Дала 1унал диначарех бу зударий, церан лаккхара мах а хадош Шен шарий1атехь хьехийна Цо уьш.

Уьш Дала д1атесна битина бац Шен шарий1атехь, мелла а церан сий даздеш, церан ларам лакхабоккхуш, царех 1унал деш уьш дуккха хьеха бина Сийлахь-Везчу Дала а, Пайхамаро а (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна).


Цундела, Сийлахь-Везачу Дала зудчун хадина лакхара мах а, цуьнца хила деза 1уналла а билгалла дийра ду ас т1едог1учу дакъошкахь.

1-НЕНАН МУЬТ1АХЬ ХИЛАР

Хан заманца зудчун нана хилар яздина Дала, цундела, цуьнан 1унал деш, Делан пайхамаро (Делера салават а, маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Боккъалаъ, Аллах1ас хьарам дина шуна, наношна муьт1ахь ца хилар»4


Пайхамарс (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) шен къамелехь еккъа нана бен хьаха ца ярн бахьана, нана г1ийла хилар, доьзал цунна муьт1ара атта болуш хилар, иза цунаха оза балар къезиг хилар ду. Цунделла, цунаха алсам 1уналла деш, Дала Шен пайхамарига (Делера салават а, маршалла хуьлда цунна) къаьстина хьахяйтина нана.


Ненан муьт1ахь хиларха йоьзна Сийлахь-Везачу Дала ялсаман. Пайхамарс (Делера салават а, маршала а хуьлда цунна) аьлла