ХЬИЖАБ 1ИБАДАТ ДУ - страница 2

Шрифт
Интервал


Дала хьижаб хьуна т1едиллина хьо Шена кхиъ ч1ог1а герга яийтархьам, хьоьга ялсман атта яккхийтархьам, хьо хьайн духарца Шена 1ибадат деш хилийтархьам, иштта кхиа дуккху пайданашна дуьненахь а, эхаратехь а хьуна хира болу Дала т1едиллина хьуна хьижаб леладар.


Цундела, фарз духар зударшна т1едиллина декхар хилар билгал а деш, хьижабан т1екхоьллина х1уманаш юх а тухуш, цунах нийсох дерг хьуна билгалла а деш, хьижаб доьхча хьуна хуьлу ял йовза а йовзуьйтуш, фарз духарца хьо д1акъовлаелча хьо дезчу 1ибадатехь хилар билгалла а деш, х1ара жайна яздо ас хьуна, х1ай сайн лараме бусалба йиша!


Дала бусалбачу наношна а, йижаршна а пайде дойла х1ара жайна, хьижаб дохаз йолучунна иза т1едохар кхунаха бахьан а дойла, хьижаб доьхначунна кхунаха кхаъ а бойла, иза леладарн т1ехь г1о а дойла, и массо х1ума кхочуш дан ниц1къ болуш вукх Сийлахь-Лекха Дела.

Шовхал Сайд-Селиман Хьусайн
7.10.2018 ш.

БУСУЛБА ДИНАС

ЗУДЧУн ДИНА 1УНАЛ

Хийлаза зударшка бусалба динехь царна т1ехь дерг хьахдича, цара олуш хезна суна «И дин тхуни бен доссина дац те»? Цунна бахьан цхьаъ ду, даиманна зударша дан дезарг дуьйцу божарша, церан декхарш дуьйцуцара, амма дино церан хьакъ даздеш хьахийнарг ца дуьйцу царна, я дуьйцу, делахьаъ, вукхуьнца дуьстийча, х1ордан чуьра т1адам барамехь санна хуьлу иза.


Цундела, зударшна х1ара дин дазделла, кху динан белхаш базбелла, «шеш бен Дала х1умма хьахьа цадина те цу къуръан чохь» – аларан т1е бахкина.

Делахь а, иза иштта дац, бусулба зударий Дала Шен динехь дукха ч1ог1а базбина, лерина бийцина бу. Зударшна, бусалба динехь шех лаьцна дерг довзахьара, ма боккха кхаъ хира бара царна цунах! Ма цец боьвра бара уьш! Ма ч1ог1а лаьрра шаьш Дала аьлла дага дохур дара царна! Иштта и хьижаб а леладарн дазалла царна хиъча, самукъа а долуш леладийра дара цара из.


Цундела, бусалба дин далле зудчуьнна хадош хилла маххи, бусалба дин деача, цо зудчуьн хадийн маххи хьахора бу ас, бусалбачу наношна а, йижаршна а Дала шайн мел лакхара мах хадина довзуьйтуш.

БУСУЛБА ДИН ДАЛЛЕ

ЗУДЧУН ХИЛЛА МАХ

Зуда даиманна г1ийлачу хьолехь латтош хилла цхьадолучу къаьмнаш. Дуккху къаьмнашна юккъахь зудчуьн лакхар мах хадош ца хилла. Иза цхьа́ а хьакъ доцуш, зуламан бухахь латтош хилла. Масала:

– Цхьадолучу къаьмнашна юккъахь зудчуьнна х1усам да велча, воккхох волучу к1ента бакъо хуьлуша хилла шен нана шена яла ян, кхечуьнга иза маре ца йохуьйтуш. Я ша яла ца яхь, кхечуьнга маре ца яхийта бакъо хилла цуьнан. Амма Дала хьарам дира иза дериге. Дала боху къуръан чохь