Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том - страница 2

Шрифт
Интервал


Ша нохчийн лаьтта дуьххьара ког баьккхинчу дийнахь дуьйна Россис шен ницкъ мел кхочург дина нохчийн къоман истори хIаллакйан.

Iилманчашкахь дукха хьолахь публицистически гIирс бу, ткъа иза леррина талла безаш бу.

Цундела хIара болх беш со тIеIоттавелла уггаре а йоккха хало йоьзна йара сайна карийна хаамаш талларца, уьш ширачу историца бустарца. И бахьана долуш, ас www.ichkeria.net сайт кхоьллира. Цу сайта тIехь со дукха хьолахь къасто а, талла а гIерта хIинца а жоьпаш каронза долу хаттарш.

ХIара книга хьалхара том йу кхи дIа маьрша Нохчийчоьнан исторех лаьцна хин йолчу книгаш йукъара. 2020-чу шеран чилланан баттахь зорба тоьхначу книгин нийса кеп йу хIара, амма хIара йешархочунна атта хир йолчу агIор зорбане йаьккхина йу, цул совнаха сайта тIехь болчу хаамех пайда а оьцуш, кху книгана кхачо йийр йу цхьацца чулацаме хаамашца а, хиламашца а.

Бенедетти Франческо

Бенедетти Франческо

Авторан дош

Кху книга йукъахь Нохчийн Республика Ичкерих лаьцна журналистийн а, историкийн а тидам тIебоьрзур болу шортта хаамаш бу. Кху белхан коьрта Iалашо йу исторически бакъдерг лардеш, политически озабезам боцуш хилларг йукъараллина довзийтар. Кху книгас ца довзуьйту билггал цхьаьна вовшахкхетарийн хьашташ, йа конституцин а, террористически вовшахкхетаршна а пропаганда а ца йо. ХIара книга йазъйеш сан Iалашо ца хилла нийсонца ца догIуш дерг йа, муьлхха а пачхьалкхан законаш дохош дерг хестор а, айдар а.

Ас йемал до муьлхха а дов йа къаьмнашна йукъара дар-дацар тIамца, ницкъаца, герзаца къасторан. Ас йемал до политически а, а динан а, иштта экстремизман муьлхха а кепан.

Бенедетти Франческо

Акаев ИсмаIал

Дешхьалхе

Тешо йолуш ала мегар ду тIаьхьарчу ткъе итта шарна йукъара хиламаша даг тIехь чов ца йеш ца витина цхьа а нохчо. 1944-чу шарахь махках дахаран лазам хIинца а кийрахь Iийжачу къомана рогIера къиза киртиг тIеIоттайелира.

ТкъолгIачу бIешарехь инзаре чолхе хиламаша дуьзна дара нохчийн къоман дахар. Церан ирча лар схьайогIура 17—19 бIешерашкара дуьйна. Иза ларамза а дац, Росси пачхьалкхица уьйр мел лаьтта. ТIаьхьарчу ткъе итта шарех дерг аьлча, къаьсттина Нохчийчоьхь хиллачу шина тIамах дерг, и хилам башха тергал ца бира йа Россин пачхьалкхахь а, йа дерриге а дуьненахь а.

Дуьненахь уггаре а ницкъ болчу Россин эскарна дуьхьал тийссадала ша диссира нохчийн жима къам. Нохчийчохь цIий Iанар бахьана долуш, хIаллак хилира бIе эзарнаш маьрша адамаш, ткъа дийна биссинарш пана махкашкахь дIасабаьржира.