Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том - страница 4

Шрифт
Интервал


Нохчочунна ша веха хIусам даима а хетта йухур йоцу гIап, цундела цо шен цIенна йисте леккха керт хIоттайо. Нохчаша даима лерина терго йо шайн ков-кертан, шайн хIусамехь долчу хьолан, даккхий хилла аренца лелачу шайн берийн цIа дерза лаам хилийта.

«Хала ду нохчо хила» Чеснов Ян.

Хьост

Мацах дуьйна нохчийн Даймохк Кавказ хилла – Iаьржа а, Таркхойн а шина хIордана юккъахь Iуьллу и исбаьхьа латта. Иза декъалуш ду шина ламанан даккъашца: мелла а лекханиг Къилбаседа агIор долу дукъ ду, цунах Сийлахь Кавказ олу, мелла а лоханиг Къилбера Жима Кавказ олуш дерг ду.

Цу лаьмнийн даккъашкахула чекхвала хала ду. Ламанан басешца йуьткъа тогIеш йу, ткъа цу тогIешкахь охьаоьхуш ду эзар шерийн йохаллера дуьйна шайн некъ баьккхина хилла ламанан татолш.

Къилбехь, Жимачу Кавказана дехьа, Эрмалойн акъари йу – хьекъаш доцучу баьрзнийн и йоккха шорте, ткъа Къилбаседахь, Сийлахь Кавказан когашкахь Iуьллу тайп-тайпанчу къаьмнех йуьзна, йист йоцу шера аре.

Цкъа а ца дешачу лайша хьулдинчу цу ламанийн даккъаша луьстачу хьаннашна тIе кIайн хIоз буьллуш санна сурт хIоттадо. БIаьрг тохийша цу Шат Ломе, цуьнан сийлалле, цуьнан лекхалле. Толкиенан кхоллараллина хьакъ долчу хьолах эцийша марзо.

Ларамза дац, къаьсттина кхузахь кхолладелла хилар Пхьарматах а, Нох Пайхамарах а (Дела реза хуьлда цунна) лаьцна аларш, дийцарш.

Дуьненан йуккъе, Европа а, Ази а, Малхбале а цхьаьнакхеташ йолу шатайпа меттигехь Кавказехь даима гола тухуш хилла дуьненан историн сийлахь йаккхийчу цивилизациша.

Кавказана тIехь олалла дан бакъо къийссина ширачу цивилизациша, царех хIораммо цу исбаьхьа лаьттахь шен лар а йитина – динахь, архитектурехь, топонимикехь.

Дуьненан маьI-маьIIера схьаоьхучу мостагIаша деш долу тIелатарш бахьана долуш, Кавказан къаьмнаш доьлла хилла дуьнен чохь даха даима шайн бакъо къийсса йезаш хиларца.

Цу халачу хьолехь даха Iамарал совнаха, уьш Iеминера доьналлица мостагIашна дуьхьало йан а.

Шайн паргIато а, Даймехкан маршо а бахьанехь даима латто безаш хиллачу къийссамо цхьа шатайпа чIогIа тIера хилийтина уьш Даймахкана, шаьш схьадевллачу меттигашна. Билгал Францойн махкал хир йолчу цу хьаьрмахь маьрша а, бертахь а деха ткъа къам а, ткъаессана мотт а, вуьрхIитта пачхьалкха а, кхоъ дин а.

Цу къаьмнийн къорзачу куза юкъахь Нохчийчоьно дIалоцуш йу вуьрхIитта эзар квадратни чаккхарма. Оццул хила тарло Галлес а. Нохчийчоь иза бIе кхузткъа чаккхарма йохалла а, бIе чаккхарма шуьйралла а йолу нийсасаберг йу. Нохчийчоьно милла а цецвоккхур ву шен Iаламан шатайпаллица.