Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том - страница 33

Шрифт
Интервал


Къаьсттина Афганистанехь карор ву вайна «Ардахар» олучу исторически агIонан кIант. Нохчийн къам махкаха даккхале масех де хьалха вина волу Дудаев Жовхар 1957-чу шарахь шен ненаца а, вежаршца Даймахка цIа веара.

Сарахь деша а доьшуш, дийнахь электрикан болх бора цо, жимма а шен доьзална гIо хилийта. 1962-чу шарахь цуьнан аьтто болу Тамбов гIалара тIеман хIаваан училище деша хIотта. Дешарна тIера а, ша хьекъал долуш а хилар бахьана долуш, цуьнан аьтто белира Калужски областера Сяковка олучу тIеман-хIаваан базера 54-чу йезачу бомбардировочни полкана йукъаваха.

1968-чу шарахь иза Коммунистически парти йукъа вахара. И харжам цо тIеман гIуллакхан лаккхарчу тIегIане вала Iалашонца а ца дира, Дудаев боккъалла а тешара «реформировать» йиначу социализма къаьмнашна йукъара дов дIадоккхур хиларах.

1970-чу шарахь иза Белая олучу базера 1225-чу йезачу бомбардировочни полке дехьаваьккхира.

Цхьа шо далале, цуьнан аьтто белира Гагарин Юрийн цIарах йолчу ТIеман-хIаваан академин эпсараллин кадетствон академи деша хIотта.

Дешна ваьллачул тIаьхьа иза Белая базе йухавеара, цигахь йалх шо даьлча цунна командиран гIовсан цIе йелира, ткъа цул тIаьхьа штабан куьйгалхо хIоттийра, йуха полкан командир а. Дудаев дуьххьара нохчо вара Советан Iедалан лаккхарчу тIегIане вала аьтто хилла волу.

Советски Союза Афганистанехь тIом болийначу хенахь, Дудаев 185-чу йезачу бомабардировочни полкан куьйгаллехь вара.

[22] Дукха нохчий Iадийнера атеистически я, цул гIоле ортодоксальни ларалуш йолчу Советски Союза шаьш санна бусулба болчу Афганистанера гIаттамхошна тIе герз детта долийча. Советски Союза лелош дерг харцо юй гуш дара царна, ткъа муджахIидаша латтош болу къиссам Имам Шемала бначу тIамах тера хетар.

Амма Дудаев ишта ойла йолуш волчух тера дацара. Нагахь санна иза бакъ делахь, цо гIаттмхойн ши юрт дIашарйинера бохуш дуьйцу. Амма Россин оборонин министра Грачев Павла дийцина долу иза, бакъ ца хила а тарло, хIунда аьлча къаьсттина и хаам бовзийтинера Хьалхара нохчийн тIом болалучу хенахь. И хаттар кIоргера довза лууш волчу ешархочун аьтто хир бу www.ichkeria.net сайта тIехь «Дудаев Афганистанехь: бакъ а, харц а хаамаш» цIе йолу таллам беша.


Цигахь ша куьйгалла дечу секторехь авиационни подразделениш нийса йухайахарехь тIеман хаарш а, говзалла а гайтарна цунна грамота а йелира, ишта Тарту гIалина йистехь йолчу йадерни бомбардировщикийн хIаваан базанан куьйгалле а хIоттийра.