Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том - страница 34

Шрифт
Интервал


Ткъа цу хенахь, Советски Союзан куьйгалхочун дарж дитира Брежвневс. Цуьнан метта веара реформатор Андропов Юрий. Йалхийтта бутт цо цу даржехь боккхуш, малхбузера дуьненца йолу йукъаметтиг йуха а даръеллера, ткъа советски машен цIинъйан гIерташ цо къахьегар гIийла дара: тIеман харж алсам йолуш йара, ткъа и бахьана долуш СССР йоха гергга йаханера.

Коррупцис дIалецира пачхьалкха, ткъа къечу нахана йукъахь малар даьржинера. Андроповна тIахьа, дарже хIоьттира Черненко Константин. Цо куьйгаллехь йаьккхина хан кхин а йоца а, йеса а йара ала мегар ду: ша даржехь баьккхинчу кхойтта баттана юкъахь ханна воккхачу баьччас динарг хIумма а дацара Iамаьркаца йолу йукъаметтиг кхин а чIогIа талххор бен – цо омра дира 1984-чу шеран Олимпийски ловзарш бойкотировать дан, ткъа оцу кепара Советски Союз дуьненна кхин а чIогIа йуьстах йелира.

Черненко валар а ца гуш диссира йукъараллина, хIунда аьлча хIетахь политикин майданехь гучуделира керла, шатайпа васт – 54 шо кхаьчна волу Горбачев Михаил. Цуьнан цIе сиха лепа йолайелира газеташкахь.

И керла баьчча хьалха хиллачарел чIогIа къаьсташ вара. Уггаре а коьртаниг дара иза къона хилар, хIунда аьлча и санна болчу политически кхиамна 54 шо дукха дацара.

Цуьнан коьрта герз дара – шатайпа амал, адамах дог лазар, реформитстки кхетам. Цу дерригенан а гIоьнца аьтто белира цуьнан гуламо цхьа барт хилла шен кхаж дIалуш, КПСС-ан Генеральни секретарь хIотта.

Цуьнан ойла нийса йара: гуш дара шийлачу тIамо коммунизмана массо а агIор эшам бохьуш хилар а, иза лаппалг санна эккха гергга йахана хилар а. Горбачевс бохучух кхета хала дацара: Советски Союз шен кхиарехь Малхбузел тIаьхьа йиссинера, цунна тIаьхьа кхочур йолуш а йацара ша хьал долуш а, дуьненан йукъараллехь цIе йоккхуш а ца хилахь.

Цо хIоттийна Iалашо кIоргера бух болуш а, тIаьхьало йолуш а йара. Горбачевс дийцарехь карарчу хенахь болу политически раж ларбийр болу экономически кхиам баккха масех биллам кхочуш бан беза: уггаре а хьалха шийла тIом чекхбаккха беза. Нагахь санна СССР тIеман аренашкахь шен ВВП йойуш ца хилахь, керла гIулч йаккха аьтто хир бара. Ткъа цу кхиаме кхача, уггаре а хьалха Малхбузеца барт бан беза. Амма цу барт баран къамел йуха а дIадоло Малхбузен лаам хилийта СССР цунах жимма а тера хила йеза. Оцу кепара, Горбачевс сатуьйсучу ирсечу хиламийн зIе тасса, уггаре а хьалха оьшуш дара керла политичеки дахарна ницкъ лур болу «адаман йуьхь йолу социализм» кхочуш йар.