Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том - страница 36

Шрифт
Интервал


И гIуллакхаш дукха хьолахь тIехьажийна дара политически бахьана долуш набахти чохь хан токхурш мокъа бахарна а, шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь майрра хьайн ойла йовзийта маьрша хиларна а, Малхбузе даха адамна бакъо йаларна а, коммунистически йоцу вовшакхетарш къобалйарна а.

Зорбанна тIехь латтош хилла болу тергам лагIбеллера: хьалха ала а йазда а мегаш ца хилларг хIинца дIакхайкхош дара.

И хийцамаш хилла масех шо далале Россехь а, иштта Советски блокан кхин болчу мехкашкахь а политически дебаташ йуьйлайелира.

Къаьмнийн йухаметтахIоттар

Йозуш йоцу хаамийн агентствош кхиор а, пачхьалкхан архиваш йеллар а, зорбанна тIехь латтош болу тергам лагIбар а чоьхьарчу политикехь йоккхачу гIовгIанца тIеийцира.

СССР-ан историн йеса хилла агIонанш йазъйан историкаш буьйлабелча, ма дарра аьлча хIинцалц социализман цIе ца йожо къайладаьккхина мел хилларг Iора даккха буьйлабелча, халкълахь гучубевлира дуьххьара къаьмнийн лехамаш.

Цу тIаьхьалонех уггаре а чIогIа зен хилларш Прибалтийски республикаш йара – СССР-ехь уггаре а хьал долуш а, уггаре а «малхбузера» а йолу.

[24] Эстони а, Латви а, Литва а 1940-чу шарахь СССР-ах д1атоьхнера Германина а, СССР-ана а юкъахь хиллачу «Молотовн-Риббентропан» олучу т1е ца латаран пакте хьаьжжина.


Нохчийчоьхь санна, цу кегийчу мехкашкахь хиллачу пропагандас СССР-ана шайн лаамехь йукъара арадовла мегар хилар даржийра.

1986-чу шеран гIуранан баттахь Ригехь боккха къоман гулам хилира, иза полицис къиза саца а бира.

1988-чу шарера 1989 шаре кхаччалц оцу кхаа республикехь граждански боламашах Халкъан фронт кхоьллира, ткъа цо республикаш йозуш ца хилар кхайкхира.

Итт шо хьалха ишта йолу ойланаш цIий Iанош сацийна хир йара, амма Горбачевна лаьара политика цIинъйан а, и тайпа гIаттамаш магор бахьана долуш, бIе эзарнаш адамаш шегахьа дерзо а.

Кестта и тайпа хиламаш Прибалтикан дозанера арабевлира. Халкъан фронташ массанхьа а кхоллалуш йара.

Къоман синхаам йухаметтахIотта болабелчхьана, латтанашца доьзна, шираллера дуьйна къастонза диссина хаттарш а самадевлира къаьмнийн кхетамехь.

СССР бIе сов субъектах лаьтташ йара, царех цхьайерш шайн башхалла ларъечу кегийчу къаьмнех йуьзна йара. ЦIеххьана самабаьллачу къоман кхетама цIе латийра Нохчийчоьнна ши ког тассал хир йолчу Ламанан Карабахехь. Цу лаьттахь Iаш дукха хьолахь эрмалой бара, амма Карабах Азербайджанна йукъа йогIуш йара. Эрмалойшна а, азербайджанцашна а йукъахь дуьххьара дар-дацар хилира Сталин веллачул тIаьхьа. Горбачев Iедале хIоьттича, эрмалой шаьш керстанаш хиларе терра, кхерабелира, бусулба лулахойн культурни геноцидах.