Меттигера интеллигенцис а, политикаша а доьхура школашкахь эрмалойн мотт Iаморе а, шайн мотт азербайджански маттаца нийсса пачхьалкхан мотт лараре а.
Ткъа азербайджанцаша шайн рогIехь и латта шайн хилар тIечIагIдора, и бахьана долуш Ламанан Карабахана автономни статус йала уьш реза а ца хилира.
1987-чу шарера I989-гIа шо кхаччалц и ши агIо шайн къовссамаш дIахьош йара, ткъа Горбачев уьш барте бало гIертара. Къаьмнаша шаьш реза ца хиларг гайтар гена даьллера, и бахьана долуш дуьххьара маьрша бахархойн кхалха дийзира.
1988-чу шеран чилланан беттан 20-чохь доккхачу девнан суй летира: эрмалойн тобано хьийзинера Азербайджанера ши йоI. Ши де даьлча, азербайджанаш а, эрмалой а Аскеранна уллохь дуьхьалIиттабелира. Цигахь хилла латарш бахьана долуш, Азербайджанера жима ши кIант вийнера.
Ткъа кхин а масех де даьлча, азербайджанийн тобанаш тIелетира шайн коьртачу шахьарна Баку гIалина масех чаккхарма геналлехь хир йолчу Сумгаит гIалина. Нийсса кхаа дийнахь цара дукха зенаш дира – цIий Iанош, ницкъ беш. Цара лелийначун жамI хилира вийна ткъе йалх эрмало. Бекарг беттан I-чохь гIала чудеанчу Советски эскаро сацийра цигахь хилла гIаттамаш, амма зенаш хилар бахьана долуш, йуха кIирнахь дуьйна цу махкара эрмалой дIаэха буьйлабелира. 1988-1989-гIа шерашна йукъахь бIеннаш адамаш дайинера, ткъа эзарнаш махкаха бевлира.
Бакъ дерг дийца маршо йаларо аьтто белира Советан Iедало къаьмнаш махках дахарах а, кхин йолчу латтийначу къизаллех а лаьцна долу исторически белхаш даржо, ткъа цара цIеххьана самадаьккхира халкъан иэс, шайн лаамехь Советски Союзах къаьмнаш кхетта бохуш йолчу теори харц хилар а гойтуш.
1987-чу шарахь кхоллайелира «Кавказ» цIе йолу дуьххьара кульутурин цхьаьнакхетаралла. Цуьнан коьрта Iалашо йара Кавказан къаьмнийн башхалла а, халкъан иэс а лардар. Коьртачу декъехь иза вовшахтоьхнарг вара исторически факультетан къона арахецархо Межидов Бектимар. Цунах лаьцна ма-дарра вай рогIера кортошкахь дуьйцур ду.
«Кавказа» майрра дуьхьало йира Виноградов профессоран ойланашна, хIинцалц политикас ца магийна хилла долу тоьшаллаш тидаме а дахкош.
Къаьсттина цо тIелецира политикас къобалйиначу историографина реза ца хилла а, и бахьана долуш университета ца магийна а хилла болу историкаш: уггаре а хьалха иза вара профессор Ахмадов Хьусейн – Нохч-ГIалгIайн Iилманан талламан институтан белхало. Виноградовна дуьхьал хиллозза къамел дар бахьана долуш иза 1985-чу шарахь институтера дIа а ваьккхина Джалка олучу жимачу йуьрта дIахьажийнера хьехархочун болх бан.