Къилбаседара тIегIерташ уьш а болуш, Кавказана цхьаьнаэшшара тIелетира кхин шиъ ницкъ болу пачхьалкха: малхбузера Османски импери а, малхбалера ГIажарийн импери а. Къаьсттина хIетахьлера тIеман экспедицихь дуьхьалIиттабелира нохчий а, оьрсий а.
Чечана олучу нохчийн йуьрт йистехь меттамотт биллина лаьтташ хилла паччахьан тIеман тобанна тIелетира ламарой. Эшамца, тобанан цигара дIайаха дийзира. ХIетахь дуьйна оьрсиша нохчех «чеченцы» олуш хилла, ткъа цу йуьртах Чечен-Аул, ткъа нохчаша шайх ишта цкъа а аьлла дац. Заманан йохаллера дуьйна схьайеъна цу къоман – Нохчий цIе, ткъа шайн Даймахках цара Нохчийчоь олу.
Нохчашна цхьалла а, барт а оьшу, рогIера хала киртиг тIеIоттайелира.
Оьрсий бевзинчул тIаьхьа, нохчийн уьйр йайна хилла тукхамаш, йуха а цхьа барт хилла гIевттира шайн латтанаш ларда.
ХIинцалц башха кIоргера нохчийн дахарехь даьржина ца хиллачу бусулба динах, нохчийн къомо мостагIашна буьрса дуьхьало йеш, мелхо а церан син-оьздангаллин гIортор хилира. Дукха хан йалале, дуьххьара имамаш а гучубевлира.
Нохчийн къоман исторехь къеггина лар йитина, Кавказехь Шайх-Мансур аьлла халкъо цIе тиллиначу Олдара Ушурмас.
Дуьххьара Шайх-Мансура кхайкхинера керстанашна дуьхьал гIазотан тIом. Цо кхайкхинчу гIазотан ткъе пхеа шарахь гергга кхерамехь латтийнера дерриге а Паччахьан эскар.
Къаьсттина, 1785-чу шарахь, цуьнан аьтто белира Соьлжа хин гечо йистехь 2000 гергга стагах лаьттачу полкана кIело а йина, иза йерриге а хIаллак йан.
[1] Паччахьан подразделенин куьйгалла деш хилла Италин къомах волу полковник Де Пьери. 2000 гергга бIаьхочух лаьтта цуьнан тоба гечо йистера чIожа чуеънера, ткъа шина а дукъа тIехьара цIеххьана хиллачу тIелатаро хIаллак йира иза. ХIетахь вийнера 740 гергга саьлти а, иштта ша Де Пьери а. Кхин а 162 стаг йийсаре лаьцнера. Ткъа биссинарш, шайн герз а, кхин болу гIирс а охьа а кхоьссина, тIеман арара боьвдера.
Ламанхошца болчу къиссамехь шайн де дийне мел долу хуьлуш болу эшамаш а гуш, хIетахь Россин коьртехь хиллачу ШолгIачу Екатеринин доккха эскар тIаме арадаккха дийзира, Мансура болийна къиссам гуттаренна а сацо.
Амма кхин а йалх шо дIаделира, Ушурма Анапа гIалара Шлиссельбургски гIапехь йийсаре вале. Iедало лаьцна иза набахте дIакхачийра, цигахь кхо шо даьлча иза дIа а кхелхира.
Нохчийн къоман маршо къийссарехь цо айбина болу гIаттам байракх хилира массо а кавказхошна. Мансуран кхалхаро ца сацийра ламанхоша Паччахьан Iедалана дуьхьал латтош болу къиссам, мелхо а марсайаьккхира цуьнан алу. ХIора а бIаьста ламанхойн тобанаш тогIешка охьайуьссура, имперски гарнизонашна тIелатарш дан а, церан герзашна къола дан а.